Светлый фон

— Хьо ву и, Тавсолта! Марша вогIийла! — элира цо, цуьнан куьг шен кара кхоччушехь. — Бехк ма биллалахь, и жима велахь а, цхьаъ бен вацара сан! — бехказвуьйлура Рашид.

— Дала гечдойла! Бисинчарна собар лойла! ХIун ду и жима хилча? Жимачух ма хуьлу воккханиг а! И, гIа санна, жима хиллехь а, амма и гIа вайн гаьн тIера доьжна! Вайна хилла эшам. Хьан дог лазарх бехк буьллийла йац… И-м кхиъна кIант хилла. ЦIе хIун йара цуьнан?

— Iалсолта.

Тоххара, Граждански тIамехь вийначу, шен цхьаъ бен ца хиллачу вешин, дукха хенахь дуьйна хазаза йолу, и цIе хезна Тавсолта ойлане вахара. Цунна дагавеара хIинца, къона волуш дIаваьлла, шен ваша, цуьнан иллеш а…

Массо а дитташ кIел охьахевшира. Цу сохьта йукъадевлира цIа дахийтарах лаьцна къамелаш:

— Ac xIopа ламаз тIехь а Деле денна а воьху-кх и Хрущев: и карий-кх дуьххьара вайна орцахвала. Дала ларвойла иза!

— Хьовсийша, шаьш шира ленинхой бу боху — Молотов а, Каганович а хиллийца вай йуха цIа дерзадарна дуьхьал…

— И-м хIун дара, нохчийн лаьтта тIехь ша буьйсанаш а йаьхна, вайн сискалх а кхетта волу, вай веза лору Ворошилов а-м хилла, боху, йуьхьанца дуьхьал…

— Бакъду. Иштта хезна суна а. Ширачу хьаькамех Хрущевца цхьаьна вайгахьа уггаре хьалха куьг айинарг Микоян ву а, боху.

— Буденный?

— И-м цара ишттачохь лоруш а вац… Говрийн верас, — гонахарнаш бийлабелира.

— Калинин а ма вара вайн махка веъна лелла… цо хIун дина-те?

— Хьанна хаьа?.. Шега аьллачунна тIе куьг а теIош, Iийна хир ву-кх…

— Аш хIун дуьйцу? И-х велла дукха хан йу, — гонахарнаш йуха а бийлабелира.

— Миска йаI! Вехаш а, ву-вац ца хаьара, хIинца велча а ца хаьа…

— Цуьнан цахилар, дера, дара иза-м… Сталина шен зуда чуйоьллича а, вистхила ца ваьхьна…

— Делахь а, цо вайн къомана тIе цкъа а нехаш-м ца хьаькхира, Ждановс санна.

— Цул а, Гамзатовс санна, алахь! — йукъагIоьртира, хIинццалц ойлане Iийна, бIаьргех пенснэ-куьзганаш дохку, Фрунзера кхузахьа хьошалгIа веъна, историн хьехархо Тухан Фаргизов.

— И мила ву?.. — корта хьалаайира цхьамма.

Массо а цецхилира.