Светлый фон

— Бакъ боху! Бакъ боху! — мIера буьххьехь забаре наьрсан гижу кховдийра цуьнга тIекхалла Довлетжановс. Кегийчарна паргIато йитархьама, жимма а Iийна, Каташца къамел дина, Кесирин дехарца Селитий, Нурседий цаьргахь йитина, Тавсолта, хье ца луш, Джамбуллий, Замий а эцна, цIа вахара.

Довлетжанов Нурседегахьа вирзира:

— Балха тIехь сирла богучу вайн седанна тIера! — цунна а боьттира чагIаран кад. Нурседа йишига хьаьжира:

— Балха тIехь сирла богучу вайн седанна тIера! — цунна а боьттира чагIаран кад. Нурседа йишига хьаьжира:

— Мегар дуй?

— Мегар дуй?

— Хетта а хоьттий ахь!.. Хьайн дас мелларг мала… хьо ца Iалахь!

— Хетта а хоьттий ахь!.. Хьайн дас мелларг мала… хьо ца Iалахь!

Шиммо а лимонад мелира.

Шиммо а лимонад мелира.

— Молодец! Молодец! Бакълоь! — Довлетжановн йуьхь йекхаелира. — Зударшна ца оьшу… Тхуна а шортта хир!.. Амма дезаш-м оха а ца муьйлу-кхи xIapa…

— Дицдаларна кхоьруш дохку-кх, — забаре тIетуьйхира Луценкос.

Массо бара сакъералуш…

Кестта йижарий дIабахара.

Шийтта долуш, дIабуьйхира хьеший…

 

* * *

Iуьйранна Тавсолтега а, кхечу мухIажаршка а комендатуре кхайкхира. Чохь вара тохарлерра коменданттий, цуьнан керла гIоьнчий. Ший а цхьана басахь — хьаьрса, цIоцкъамаш а кIайн, ший а ченан басахь хорма йуьйхина, ший а, ченаша буьзнарш санна, цхьатера.

— ХIоккхуза куьг таIаде… тIаьххьара! — цIаза-пIелган йахйинчу мIераца кехата тIехь сиз даьхьира коменданта. — Комендатура кхин хир йац!

— ХIокху кхойтта шарахь хIинца дуьххьара дог а догIуш таIадо-кх ас куьг! — къоламан йуьхьиг кагйира Тавсолтас.