ЦIеххьана чувелира сакъераделла Керим.
— Гой хьуна, — элира цо, — вайн гIуллакх котдаьлла догIу. Вай оччадийла эшац! — стоьла тIехь даржийра цо газета: «Къинхьегаман байракх». — Нохчийн маттахь Алма-Атахь арахеца долийна хилла xIapa… Хьажал!
ШолгIачу агIон тIехь очерк йара, «Йахь йолу йижарий» аьлла, лакхахь Селитин, Нурседин сурт а долуш. Можах кахьаькхира Тавсолтас, Керима дийцира цунна, хIинца Алм-Атахь нохчех цхьацца накъостий ЦК-хь балха хIиттор а, вайнехан маттахь радиопередачаш йолор а.
— Вайнехан гIуллакх талуш догIу. ДIахоьцуш бу, тохара эрна лецна, вайн шира партийцаш а. Белхаш а лур бу, маьрша дIаса а лоьлуьйтур ду, боху, кестта! — воккхавера Керим.
— ЦIа маца дохуьйту? — цхьаъ дара Тавсолтин дагахь даим.
— Хаац… Кхузахь… цхьанхьа меттиг а къастийна, автономи йала а мега… йерриге бакъонаш йуха а йерзош… Иштаниг а дуьйцу…
— ХIан-хIа! — нара тIера хьалаиккхира Тавсолта. — Кавказехь бен эшац суна цхьа дахар а, йа бакъонаш а!.. Лаахь, бакъонаш а ма ло. Амма дай баьхна меттигаш схьайа!.. Сайн дайн кешнаш долччохь лаьа суна вала а!.. Ала а делирий и хьоьга?! Ца моьттура суна ахь и эр ду а!
Шеконе хьаьжира и газете а.
Селитас нохчийн маттахь газета тIехь зорбатоьхна цхьа илли дийшира дена:
ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,
Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со,
Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо:
Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийча,
Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдисча,
Бохамна, харцонна йуьхь-дуьхьал хIоьттинчохь,
Собарах, стогаллех ма довла боху цо11.
Тавсолтин бIаьргаш цхьана метте догIаделира: