Светлый фон

ХIай, маса ва зама, ма йетта сох шело!

Хаьа суна, ахь со а халкъалахь вицвийр вуй,

Iаламал тIехйуьйлу, лаьмнаш а дIашарде,

Массарел тоьлла хьо, сол а хьо тулур йуй!

 

ХIетте а со хьох а ца кхоьру, хIай зама!

Со вацара, ойланийн нуьцкъалчу тIемаш тIехь

Хийлазза жимачохь хьол хьалхавийлинарг?

Хьан а ницкъ хир ма бац со сихха вайа!

 

ТIехула йаьржина — бохь боцу и стигал,

КIелхула даьржина — бух боцу латта.

ХIетте а лаьтта уьш адам мел деха:

Уьш лаьтта, уьш лаьтта адамийн дегнаш тIехь!

 

Ша ваьлча, жимма ладоьгIуш а Iийна, Рашида дийцира:

— Цунах Iалсолтин илли олу. Амма сан кIентан цIарах дац и. Тоххара, Граждански тIом болчу хенахь, Нохчийчуьра тхан ГIалгIайчу веанера, Гикалогара цхьа пакет Орджоникидзега дIакхето, цхьа къона нохчо-партизан Iалсолта. Тхан йуьртахь, тхан хIусамехь Iийра иза, кIира доккхуш. Цул тIаьхьа кхин цкъа а дуьхьал а ца кхийтира и. Схьагарехь, и вара бакъволу илланча. И илли элира хIетахь цо тхоьгахь. Со хIетахь иттара ваьлла, амма, иллеш дезаделла, уьш Iамош вогIура. Цуьнгара Iамийра ас и. ХIетахь дуьйна диц а ца ло, амма наггахь бен-м ца олу — сов хала ду и…

Вовшийн Iодика а йина, массо a, гIap йайина, дIасакъаьстира. Тавсолта, вухавогIуш, корта оллийна вара, иллино чахчийна, цуьнан ира йу кIорггера шен дагах Iоттаелла: «Тахана гу тIехь суна дага ца догIуш хIун диси? Массо а дагадеара суна… сайн ваша воцург! Телхина-те со?» — ша-шена реза вацара Тавсолта…

Беша тIе кхаьчча, цига а ца воьрзуш, тIехваьлла, шен новкъа вогIура и: болх балучохь вацара и тахана. МаьркIажан хан йулуш, чукхечира Тавсолта. ГIелвелла, нара тIе агIорвелира:

«Валале цкъа дIа, мукъна, кхачахьара цига… ХIумма а дацара-кх цигахь цхьа а кхин бакъо ца лахь а, дуьххьалдIа, са а доьIуш, вист ца хуьлуш, цигахь дIасахьежа витчахьана», — дагатесира Тавсолтина.