Мавзолейга а хьаьвсина, Кремлан кертахула йогIуш:
— Къа-йаI, xIapa меттигаш ганза беллачийн! — эккхийтира Нурседас.
— Къа-йаI бIаьрзечийн а! — тIетуьйхира Селитас.
Маьлхан зIаьнаршлахь малхал а сирла лепаш, Кремлан ширачу килсийн лекха момсарш, дешин нуьрах йогура… Чекх са а гуш, Iаь сегара Москва-хи тIера, лам чохь санна, кийра Iабош, цIена хетара хIаваъ.
— Хьажахьа! Жоьжахатера Йалсамане кхаьчна шайтIа санна, селхана меттах а ца хьайтина вайша… тахана Москвахь!.. Кремлехь!.. «Цо» адам йуххе а ца дитинчахь!
XIapa шиъ «Йоккхачу тоьпе» нисйелча, цхьамма-м тIехьахула кхайкхира:
— Селита!.. Нурседа!..
Цхьа тамаше девза аз! Йухахьаьжча: Ахат, цуьнца Асеткуль, церан исс шо хир долу кIант… Марат.
— Марша догIийла шу! Ас декъалдо шун паргIатдовлар! — Ахат, цуьнан зудий, ший а Iилманан кандидаташ дара хIинца.
— Селита, хьо-м хIумма а къан ца йелла! — элира Ахата.
— Хьо жимма стамвелла, Ахат… делахь а, тохара санна, каде ву! — элира Селитас.
Асеткулан йуьхь кIеззиг кхоьлира: цунна ца товра, доцент волчу, шен майрачун цIе иштта йай йаккхар.
— Ахат Шакенович шен физкультура йан волавелла йуха… кестта хьалхалерраниг хир ву, — йелакъежира Асеткуль. Иза иштта дуьххьара ца дора цо. Оцунах кхийтира Селита:
— Миска йаI-кх… Ца хаьа-кх цунна, — ойла хилира Селитин.
— Ахат! ТIаьхьадуьсий-те вайша? — хаьттира Асеткуля.
— ХIа!.. Бехк ма биллалаш!.. Телефонехула Алма-Атаца къамел ду тхан… Xlapa йу тхан телефон, — Ахата, йаздина, кехатан цуьрг дIайелира Нурседе. Церан телефон а дIайазйира:
— Телефон тохалаш!.. Гур ду вай!.. — аьлла, дIадахара и шиъ, безамехь делакъежна.
— Ма товш стаг ву и! — Селитега хьаьжира Нурседа. — Дохкойаьллий хьо?
— Iовдал! Ахь хIун дуьйцу йуха а? Иза-х вайн гергара ву хIинца дуьйна!.. — Селитас сацийра шен йиша.
— Хьажахь!.. Со Iовдал баккъал а йицйеллера, хьуна!..