Светлый фон

— Ша йаллалц вайна йаьцнарг кошахь Iуьллу, ткъа xIapa сакъера ваьлла!

Нара тIехь йелла Iиллинчу ненан берчаш йолу куьйгаш дагадаьхкина, къурдаш дан йелира Селита.

— Ма йелхал, ма йелхал, сан йиша! Даим белларш лоьруш, муха Iийр ву дийнаниг, шен гIуллакх а ца деш. Ма йелхал!

— Ткъа… эхь, оьздангалла, вовшашна хьанал хилар стенга даха деза кху дуьнен чуьра? Буха буьсучара а иштта сиха бицбеш хилча,… баха а хIунда баьхна-те вайн белларш?

— Баьхна-кх, шаьш баллалц, дуьне дууш… И дуьйцуш Iачул хьайга хьажа. Хьан-х ткъе итт шо кхечи! Муха Iийр йу пхийтта шарахь… тIехьийзинчу кIентан чIир кхобуш. Волчара а маццах догдиллина цунах.

— Хьажахьа цуьнга! И стенна дуьйцу ахь?!

— Дуьйцу-кх, хьо сайн йиша йолу дела!.. Хьо сайн цхьаъ бен йоцу дела! Сан-м кхин йаций хьо бен! — йишина марахьаьрчира Нурседа. Ший а йилхира вовшийн марахь…

Тавсолтас дукха хан йалале, кхин «совнаха гIap ца йеш», Джейран йалийра. Шакен-агIай, Кульджанний резахилира цу захалонна: «ХIума дац, хаза йехийла ду. Доьзал а оьзда бу»…

Джейрана сиха шегахьа дехира йижарийн, берийн дегнаш.

Даим йекхайелла, чохь цIена, доьзалца мерза Джейран ца йезайала хала дара. Тавсолтин суьйренца аравийлар а сецира.

 

МОСКВА— СОЧИ

 

«Джамбул» колхозо тIаьххьарчу кхаа шарахь йалта лелор, даьхни дебор областехь массарчул хьалхадаккхарна, цунна дуьххьара йелира кар-кара лун республикан ЦIен Байракх. Дукха колхозхошна «Байлаттанаш карадерзорна» мидалш а кхечира.

Обкоман тохарлеррачу векало Нурседин, Селитин кара мидалш ша дIайеллачул тIаьхьа, шинне а кестта, хьалхарчу августехь, Москва-гIала выставке йаха путевкаш а йелира. Массара къобалдира и…

Тавсолтас хала новкъа йалийтира ши йоI. Джейраний, Керимий сов чIогIа дехарна тIетайра иза: цаьрца, кхин а, цу колхозера бевза мехкарий а бара цига боьлхуш.

— Шуьшиъ цхьаьна хиларна тIетов со, амма… ледара ма лелалаш! Вовшах ма йаьллаш, — элира Тавсолтас вокзалехь. ХIорш новкъа баха Луценко а, Керим а веанера. Кесира, могуш а ца хилла, йиснера.

 

* * *

Москва дуьххьара гучу йижарша, шуьйрра диллинчу бIаьргашца чухудура столицан исбаьхьалла: «Выставка, метро, МГУ, Москва-хи, Йоккха театр, Лужникера стадион, Лекха цIенош, Кремль, Мавзолей» — иштта йара экскурсин коьрта маршрут. Массанхьахула, сих а ца луш, цхьана кIиранах, чекхбехира хIорш экскурсоводо.