Светлый фон

Ший а, йуха шайн гостиницерачу хIусаме кхаьчна Iаш, суьйранна йалх долуш телефон йийкира. Нурседас схьаийцира.

— Нурседа! Хьо йуй и?.. — Ахат вара. — Суьйре дика хилда! Тхойшиъ кхана кеманца Сочи доьду садаIа цхьана кIиранна… Асеткулян ден дачехь… Асеткуляс а, аса а… шу реза делахь, тхайца цига садаIа кхойкху шуьшинга…

Телефонан мукъ Асеткуляс дIаийцира. Шегарниг Селите дIакховдийра Нурседас:

— Билеташ а Ахата хуьлуьйтур ду… Цигара дIа ший а новкъа а йоккхур йу… Селита, дика ойла а йай, цхьа сахьт даьлча, телефон тохалахь… Тхо хьоьжуш Iийр ду…

Селитина эхь хийтира:

— Нехан доьзалца… Нехан даче… Ткъа вайн дена а и муха хетар ду?

— Ахь хIун дуьйцу, сан йиша? ХIинцца дацар ахьа и вайн гергара ву аьлча?.. Тавсолтин-м и шиъ кхин а гергара хуьлий-ца!.. Со-м йоьду, хьо ца йодахь а! — бегаше карзахйелира Нурседа. ТIаккха баккъал а:

— Селита, вайшиннан отпуск дIайала хIинца а кIира дисна… Ахча а тоьур ду… ГIуо вайша!.. Москва!.. ХIинца… Сочи!.. Дуьненна а йевза гIала-курорт!.. ХIорда йисттехь! Ма хир дара иза!.. ГIуо вайша!.. Кхин иштта меттиг йер а йац!.. Лийр йу-кх вайша и кхин ца гуш цкъа а, хIинца а ца йодахь… ГIуо вайша!.. Мел хаза йуьйцу иза!..

Селита тIе ца йоьрзура: эхь хеташ, корта ластийра.

— Со-м йоьду!.. — чуьрайелира Нурседа.

— Ца хаьа суна-м хIун дер а?.. — ойла йоьхнера Селитин. ЦIеххьана телефон йийкира. Асеткуль йара:

— Ахата телефон тоьхна билеташ а билгалдина шуна… Ойла йиний аш, Нурседа?..

— Со-м реза йу! — аьлла, Нурседас телефонан мукъ Селите дIакховдийра.

Селитас, ийзалуш, элира:

— Дика ду!.. Баркалла!.. Шуна тхох хьовзам хирий-те аьлла, хетара суна… Дика ду!.. Баркалла… — аьлла, Селитас телефонан мукъ меллаша охьабиллира. Нурседас, тIекхетта, барт баьккхира йишин бесни тIе…

 

* * *

Асеткулян ден — профессор Карынбаевн — дача, дика сени а, кухни а, шиъ цIа а долуш, хIорда йисттехь лаьттара шина торха йуккъехь.

Цхьана цIа чохь, шайнна къастийна, дIанисйира Селитий, Нурседий. Цхьа де дайра дIанислушший, Ахата кхарна машенахь Сочи-гIала гойтушший, йуха, некъах садоIушший… Шина йишин тоха са а дацара сихха хIорда тIе кхача. Селитас, Iуьйранна хьалагIоттушехь, элира:

— Нурседа! Хьажахь: сийсара гIенах байра-кх суна хIорд.