Светлый фон

— Самах ган ду! — йелаелира Нурседа… — Суна дендрарий а йуха гира… Островскийн цIа а гира…

Бердах чу а диссина, хIордан йистте кхаьчча, дIахьаьжжинчохь йисира Селита: цунна хезнарг а дицдеш, тамаше йара генна хьалха йаьржина йист йоцу сийна аре. КIайн кхесаш а кегош, дой санна, геннара схьауьду и лекха тулгIенаш, акха кой санна, кур бердах тухий, йуханехьа йовдура. Царна тIаьххьа схьашерша кегий тулгIенаш, берда йисте схьакхоччушехь, цициган кIорнеш санна, Селитин берзинчу когех хьаьрчира, мела гилгаш дохуш. Къаьрзина чухьоьжучу маьлхан зIаьнарша эзар суйнашца генна дIа къагийнера цхьанхьа а доза доцу хин экъа.

ТулгIенаша даим а цхьаъ дуьйцуш санна, хетара, цара дуьйцучух кхета йиш а йоцуш, амма цара дуьйцург, забаречух доцуш, дуьненах а тасалуш, адамийн дерриге дахарх доьзна, къайлаха маьIна долуш, цхьа доккха хIума хетара. ЛадегIа йоьлча, цара тIеттIа тIеуьйзура шайна Селитин тидам. Амма хIунда ду-те цу тулгIенийн лер гуттар а цхьабосса реза доцуш?.. ХIун боху-те цара? Стенга кхойкху-те цара адамийн синошка? ХIун ду-те царна шайнна къайллаха хууш, адамех тоса а луш, амма церан схьадийца ницкъ ца кхочуш, эрна дайнарг?

Нурседин тидам хилира Селитин ойлане латтаран:

— Гой хьуна!.. Хьо-х реза йацара!.. Йало!.. Луьйчур ду вай!..

— Дика ду… Шу дIогахь цхьаьна хила, со кхузахь суо хир йу, шуна гена йоццуш.

Нурседа кхийтира: Селитина эхь хетара чухуларчу бедарца Асеткульна хьалха лела. Асеткуллий, цуьнан кIант Мараттий, хIинца цаьрца Нурседий бийларца, гIовгIанашца хи чу кхиссабелира…

Селита, уьш хезехь, амма царна ша ца гучохь, торхан маьIига тIехьа, дIанисйелира: шена тIера охьайаьккхина тIехулара бедар тIулга кIел а йиллина, луьйчу хорма тIе а йерзийна, хин марайахара иза. ГIалахь цхьацца гIуллакхаш долу Ахат, сарахь ша кхарна тIаьхьавогIур аьлла, ваханера.

Селитина ша цхьа кIезиг чемхалг хетара йист йоцчу хIорда арахь, хьалахьаьжча, бух а ца гучу цу кIоргачу стигала кIел.

Бердан йистехьа оьзна, хи логгех кхоччучул бен гена ца довлуш, луьйчура уьш — Асеткульна нека дан ца хаьара, Маратиках а кхоьрура. Амма сихха хIордаца эвхьазйаьлла Нурседа, церан лаамара йолий, неканца буйн тIе кхаччалц а йоьдий, и, мара а йуллий, цигара схьахьожура:

— Кхузара хьаьжча, берд ма генахь а хета!..

— Иштта мегар дац, Нурседа! Ахь тхан сагатдо! Йухайоьл, — мохь тухура Асеткуляс… Амма вукху дийнахь а Нурседа ца Iapa и ца деш…

Селитас нека, тIехула тIамарш а ца йетташ, хин бухахула дора, когашца а хи дIахьоькхуш. Йукъ-кара, аркъал а йуьжий, стигала хьала а хьоьжуш, неканца меллаша хина тIехула дIашершаш, ша стигалан кIоргене чукхозайелча санна, хетара цунна.