Светлый фон

Чубоьлхий, жимма са а доIий, йуха а схьабогIура уьш…

ШозлагIа де а дIаделира… Тахана малхбузе кхаччалц лийчира, чу а ца доьлхуш, йуург шайца схьа а йеъна. Байн мох баьллера, амма хи, мелхо а, кхин а дохделлера. Селитин букъ тIехула шерший, пханаршна йуккъехула вортан тIекхаччалц хьаладодура, ненан пIелгаш санна довха, хин гуш доцу лоппагаш. Дуьйсинчу ахкаргех тера, чекх са гу медузанаш, настарх хьекхалора, дайн чкъор а дагош. Генна хIурдан йуккъехь наг — наггахь хаалора ирхкхиссало даккхий чIерий: «Дельфинаш ду»… — дагадеара Асеткуляс дийцинарг.

ХIордана тIехула анайистте кхаьчна кема циггахь, ша хин буха чудоьдуш санна, жим — жима лахлуш, тIаьххьара а довра. Эххар малх анайухах хьакхабелира. Стигалан вукху агIорхьара схьакъеддачу беттасино хIордан экъана тIехула, дIабузучу маьлхан зIаьнарийн асанаш пурх а хадош, шен дато некъаш дехкира. Селита саготта хилира, маьркIаже тIехуьлуш гарна, амма Асеткулян, Маратан, Нурседин самукъе аьзнаш йуххехь хазарна мелла а даг тIехь синтем, ца бовш, лаьттара.

Лийча гIел а йелла, хи чуьра хьалаелира Селита. Малх дIабуьзира, амма са даза дара хIинца а. Луьйчу хорма охьа а йаьккхина, иза Iовда хIоьттира Селита беттан серлонгахь. Тахана шен доьзална тIе ван мелла а тIаьхьависна вогIучу Ахатна гира иза, торха тIехь некъо голатухучу ша кхаьчча: хIорда йисттехь, беттан серлонгахь, гата а карахь, и шен дегIах хьоькхуш, лаьттара Селита. …Ахатна цу сохьта хIунда хиира-те иза Селита йуйла?.. Цкъа дIахьаьжжинчохь висира иза масех секундехь. ТIаккха бIаьргаш хьаббина, жимма иштта а лаьттина, вукху новкъа а ваьлла, шен доьзалшна тIе вахара. Уьш, тIе хIума а йуьйхина, кийча Iapa, Нурседа а, Селита а цхьаьна чубаьхкира уьш.

Шаьш хIусаме хьаладовлуш, Ахата доцца дийцира тахана гIалахь шена дайна хIуманаш: дукха хан йоццуш Францехь шен гIантара воссийна, xIинца кхуза садаIа веъна, цигара хилла волу премьер-министр Эдгар Фор а гира, доций пхьуьйшаш долчу майкица, базарахь хазахета суьрташ дохуш лелаш. Цо суртдоккхург шена тIеерзийчахь цхьана, даккхий даьржина мекхаш а долуш, луьстта баьлла накха а гуш, цIен пес а тиллина, лимонаш йухкуш лаьттачу гуьржичо, тIевахана, кач лецира цуьнан:

— ХIей! Хьуна хьан бакъо йелла сан сурт даккха?

— Даккхийтахьара ахь! Хьо хазахетта воллура со. Тхешан Францехь а ас, дозалла а деш, гойтур дара хьан сурт, — элира Эдгара Фора.

— Хьайна лаахь, хьо соьга кхуззахь хьежа… Амма Францехь со гайта эшац! — дIахадийра гуьржичо.

— Ас мах а лур бара хьуна!.. даккхийтахьара ахь! — тIехьаьрчинера француз.

— Ахь хIун дей? Xlapa ши лимон а йу хьуна, цхьа мах а боцуш! Йахийта! — аьлла, лаьллира гуьржичо француз, гонахара нах а белош…