Сукарно (Президент Индонезии) а гира, буткъа хаза сараг а карахь, буткъа чIапа куй а тиллина, массарна вела а къежаш, машенахь порта хьалхахула тIехволуш… Вайн хьаькамашца цхьаьна… Тахана хезира Сталинан, Бериян кхузахь мел хилла дачанаш — йерриш а халкъана дIайекъна хIинцца бевлла, бохуш…
Чукхаьчча, кхин а бехха Iийра уьш, чай молуш, Ахатан дийцаршка ладоьгIуш… Вукху дийнахь Ахата а, Асеткула а, шаьш билеташ а эцна, кеманца новкъа яьккхира ши йиша — Алма-Ата… Цигара Джамбуле цIерпоштаца йаха аьтто бара.
ЧЕКИСТАН БIАЬРХИШ
Станце дуьхьалвеана Керим кхоьлина вара. Тавсолта ца веанера. Керимца лаьттара, кхушара дешна а ваьлла, цIа веана Каташ. Цуьнан бIаьргаш лешира, xIapa шиъ гушшехь. «Тавсолтина цхьаъ хилла-техьа?» — дагатесира Селитина.
— ХIун хилла?.. Дада?.. — хаьттира Нурседас.
— ХIан-хIа! И могуш ву… ЦIахь ву!
— Кесира йац!.. — элира Каташа.
ЦIеххьанчу кхерамо вехначуьра вастийнарг санна, мел гиначух а цу сохьта самайелира и шиъ. Ший а йоьлхуш кхечира чу.
— Кхин гур йац-кх!.. — тийжара Селита.
— Дера, гур йац!.. Ма йелха шуьшиъ. Тезет а дIадирзина… ДIайоьллина а кхо кIира сов ду… шу новкъа ма-девлли… шолгIачу дийнахь… Лоьраша, жаннийн лазарх дагна хьу кхетта, бохура, — дешнаш цоьстуш, дуьйцура Керима…
* * *
Кестталга цIа бахийта болийра паргIатбаьхна нохчий, гIалгIай шайн йухаметтахIоттийначу республике. Амма, дерриг къам кхуза кхалхош санна, цхьана дийнахь йуха ца дерзош, мелхо а, цхьацца церан тобанаш вовшах а йетташ, раьгIнаш а хIиттош, кара пропускаш а луш, чолхе нисделира нохчийн, гIалгIайн цIадерзар.
Къаьсттина хала кхочура пропуск… Шен шина берана а, шена а, йуха ТавсолтагIарна а пропуск йаккха тIаьхьаваьлла Керим, кхаа дийнахь къа а хьегна, и халла шен доьзалний бен ца нислуш, ша йуьхьIаьржа а хеташ, Тавсолта волчу веара.
— Дика ду хьуна мукъна, хилла, — аьлла, Тавсолтас дуккха а косташ дира цуьнга:
— Хьо цигахь хьаькам ван мега… Тхан цIеношка хьажалахь, уьш йухалуш дац бахахь а! Тхо а цIа догIур ду, пропуск ма-хилла… Нагахь санна, кхузахь сан хIетале кхалхар хилахь, сан весет ду хьоьга: харж ца кхоош, со цIа вахьар, вайн кешнашкахь дIаволлар… И дан а ницкъ ца кхачахь, ЦIечу берда тIехь суна чурт, мукъна, догIар… Изза ас хIокхаьрга а аьлла, хьуна. ХIан, кхин цхьаъ ду: дIакхаьчча, хьайн ницкъ маббу вайн кешнийн терго а йелахь…
— Дика ду. Кхочушхир ду. Са ма гатде ахь, Тавсолта, вай кестта цигахь вовшахкхетар ду!
— Идрисов Бакар а ву, бохура цуьнан зудчо, хьо ган лууш… Хьо цIа воьду аьлла хезча… цхьа кост долуш, — элира Нурседас. — Меттахь висна ву, бохура…