Егорычан дехарца колхозера бригадица гIo дан Тавсолта а веъна, дитташ вукхузахьа дийгIира. Накъостий дIабахча, Тавсолтега шегга, бехк боккхуш, элира Егорыча:
— Партизан а майраниг вара хьо, Тавсултан, белхахо а диканиг ву… Амма, сел Iадаташна тIевирзина хIунда ву-те хьо? Ца го хьуна керла зама?
— Шун шайн гIиллакхаш ду, тхан — тхешан ду… Цул хIун оьшу тхан нохчийн ловзар? — къамел ца дахдойтуш, Iодика а йина, чувахара Тавсолта…
Чукхаьчча, гIийлачу йаххьашца шена хьалагIевттинчу Селитей, Нурседей вист ца хуьлуш, шен чу вахара иза. Цаьрца дан деза къамел а, цуьнан меттиг а хIинца а шен дагахь къастоза вара и. Амма церан йаххьаш хIинца гIийло гаро: «Шаьш селхана динчунна дохкобевлла-те?» — аьлла, догйовхо йира цунна.
XIapa волчу а йеъна, эсала кхунна хьалхахIоьттира Джейран:
— Воккха стаг! Суна Ахатца дIайаха лаьа. Цигара хьал хьуна а хезна. Шина йоIе а ас и хIинцца аьлла. ДIа ца йахча ца йолу со.
— Муха? ХIинццалц схьа хьахийна хIума а доцуш! Мича бахьанина? — цецвелира Тавсолта. Дагахь къовзийра иза: «Массо а къаьхкаш лаьтта»…
— Со реза вац! — элира Тавсолтас.
— Ткъа хьан дош… ма лиъа, йухайохуьйтур йу, цкъа хьажахIотта, мукъна, дIайолахьа, ахь а аьлла, ца йеара со?.. Со-м сайн дагахь, цига а хьажахIотта йоьду… цхьаъ ца хилахь… Дуьхьал ма валахь, воккха стаг… ас йаздийр ду хьоьга сайн хIуттург, — таьIначу озаца тIетуьйхира Джейрана.
— Дика ду, делахь! Ас-м сецор йац хьо нуьцкъала… гIyo хIета… «хьажахIотта», — элира Тавсолтас, амма xIapa ша а, дехьа чохь кхеран къамел хеза йижарий а шайн дагахь дика кхетара Джейран йухайогIург цахиларх…
Вокзалехь вовшахкхетта, цхьаьна новкъа бовлучийн тоба йоккха йара: Акмолинске кхаччалц боьлху Каташ, Ниночкий, цаьрца Анна Львовний. Алма-Ата воьду Ахаттий, цуьнца Джейранний. Киеве воьду Егорыч а…
ГIийло лаьттара новкъа баха баьхкинарш: Кериммий, Селитий, Нурседий, кхин а… Тавсолта ца веънера. ЦIерпошт схьакхачаре хьоьжуш перронехь, тIаьххьара къамелаш деш, бекъабелла лаьттара доттагIий: Егорычций, Ахатций — Керим; Джейранца — Нурседа; Анна Львовница — Селита; вуьш — къоначаьрца…
Джейранан ойланах дика кхетта йолу Нурседа цуьнан догъэца гIертара, и йухайогIу aгIo лоьхуш:
— Дада а кхин кIоршаме хир вац хьоьца, оха а эр ду хьуна цуьнга и доггах. Цкъацца ша сиха хилахь а, догдика а, хьо йезаш а ву хьуна иза. Тхуна а тхайн нана санна хета хьо… Варале, йухайоьллахь, Джейран! — хьоьстура цо и.
Амма Джейран, цуьнга ла а доьгIуш, йуьхьца ца хийцалуш, кхоьлина йара:
— И хIун ду: цигахь — «Джейран», кхузахь — «Зуда»? Цигахь гуттар цхьаьна хила лууш вара, кхузахь даима къаьстина лела! Пайдабоцчу хIуманна тIехула дов оьккхуьйту. TIe, оьгIазвахча, ши-кхо де а доккхий-ца вист ца хуьлуш цхьаьна чохь! Со хIунда йеана кхуза, цу дуьненан йисттера, цунна тIаьхьа а йаьлла, xIapa вистхуьлуш а ца хилча? Сайн цIахь йа Iен хIусам, йа йуург йоцуш-х ца йеаний со? — соцунгIа а хилла, нисса Нурседе хьаьжира Джейран.