Светлый фон

— Ловр ду! Массо велча а, лайна! Со, кхин боьху, мостагI-м йац цунна? Вай дийриг йукъараллин гIуллакх ду! Кху тIера йухадовлахь, райкомна хьалха а йуьхьIаьржа ду вай.

Тавсолтина хIинца хиира ша билггал массарна а гой, ши йоI хIетте коьртаIуьйра лаьттийлий! ДIасахьаьжира и. Цхьамма а йовлакх йуха дIа ца туьллура. Берриг мехкарий а коьртаIуьйра лаьттара.

«Дуьне доха герга дахана-те?» — йуха а дагатесира Тавсолтина. ТIаккха цIеххьана кхоьлира иза. «XIapa дара и: хьо кхаьрддинарг хьуна тIедогIу бохург! XIapa йара и… кино!» — цIеххьана хIинца кхиира и ша селхана йоIа кино хьажоран бахьанах: «Кхунна со кечвеш хилла-кх цо!» Нурседега кхин цкъа а дIахьаьжира да, амма йоьIан йуьхь тIулг санна, чIагIйеллий, ондий хьоьжура схьа: Тавсолта кхийтира, ша тIе а вахана и шиъ човхораххий, аларххий бала пайда цахиларх. «Кхузахь сайх адам а ца делош, IадIар тоьлу. Схьагарехь, хIокхара барт бина. Кхаьрга кхузахь эрна лийна, нахала волучул, цIахь ойла йича бакъахьа ду ас кху белхан. ДIаваха веза — и тоьлу!» — уккал таIийна, кхин вист а ца хуьлуш, меллаша цIехьа волавелира Тавсолта, астагI а теIаш. Цунна тIаьххье дIабуьйлабелира, лаьтта туйнаш а детташ, хьовса баьхкинчех кхо-виъ воккха стаггий, полша йуьйхина къена зудий, кхин цхьа — ши церан гергарчех верггий:

— XIapa дара и «комсомольски ловзар!» — бохуш, арабуьйлура уьш. Цаьрца Тавсолтина тIаьххье дIахьаьдира Зама а.

— Ма дан а ду… «комсомольски ловзар»… ЦIенна оьрсийн ловзар ду-кх!.. Иштта кечдича-м вайниг кхин а дика хир дара! — кхоьссира дIавоьдуш цхьамма оьгIазе.

— Латаел лампанаш! — элира Нурседас дежурнешка. Йоккха стол йуьзнера «Дада-бIара» тIера охьаэгначу, лимонан чкъоьргах тера, можачу гIаша. Школин йерриг а беш бес-бесара къарзйинера дашочу гуьйрено. КIеззиг кеп хиллачу Егорыча корта лестабора.

— ХIан-хIа, суна ца моьттура Тавсултан иштта хир ву. Хьовсийша!.. Дог майра партизан!..

Ловзар хIинца хьалхачул а синкъераме дIадоьдий хIинца гиначух:

— Нурседа йуьззина къонах йу! Тоххара динехь бакъахьа а дара! Тхан цигахь тIом а хилале чекхдаьккхира xIapa!

— Хьаша ваккха! Хьаша ваккха! — дийхира цхьамма. Ша-шен ларамаза дагаваийтина Ахат, цIийвелла, вухагIертара. Амма Нурседас, тIе а йахана, куьг лаьцна йукъаозийра иза а, цунна тIаьххье Селита а.

Мехкарий а, кегийрхой а, уьш хелхабовлуш, хьалагIевттира, мехкан воцу хьаша — Ахат а, мехкарийн тхьамда — Селита а лерина. Керим шен дагахь бIаьрг буьзна хьоьжура Нурседега: цо чекхдаьккхинчу кепара и гIуллакх кхочушдан шен а къонахалла ца тоа мегара аьлла, хийтира цунна.

Нурседас ма-хуьллу ловзар дахдора. Халаниг кхиамца чекх а даьлла, хIинца массеран а са чIогIа къералуш, мерза дIадоьдура ловзар. Йоккхайера Нурседа: «Кхул тIаьхьа а дер ду Iадатхошца дов, амма девнан архаш хIинца дуьйна тхан карахь йу!» — ойла йора цо.