Светлый фон

Йелакъажарца уьйтIа хьаьжира иза, кIеззиг бIаьргаш а хабийна: массо цецвоккхуш, хьешо дика дора вайнехан хелхар. Ахатца хелхайуьйлу Селита цIийелла йуьстахйелира. Йоккхачу стоьла тIе а веъна, Нурседина, ша йукъаозаварна бекхам беш, бохь боьгIна, голатуьйхира Ахата. Берриш бийлабелира. Анна Львовнас хIинца йукъаозийра Нурседий, Кериммий. Уьш хелхабевлла бовллалц а ирахь лаьттира кегийрхой…

 

* * *

Тавсолтина а ца гуш, цунна йуххехь йогIура Зама: «Хьан йина-техьа дадина вас?» — дагатуьйсура цунна. ОьгIазе ойла йеш вогIура Тавсолта: «Билггал бакълуьй-те уьш?.. Йа баккъал а дуьне доха гергадахана-те?.. XIapa йуьхьIаьржо! ХIун ду-те хилларг?» — ца кхетара и:

— Зама, йаI, хьо зама! — хозуьйтуш, латкъийра цо шен деган лазам.

— Дада! Ахь хIун боху? — хаьттира Замас.

Тавсолта схьахьаьжира. СоцунгIа а хилла, йоьIан коьртах куьг а хьаькхна, цуьнан цIечу галстуке а хьаьжна, йуха а элира:

— Йан а йу шун зама… Сайниг дIайаьлла.

Зама ца кхийтира. Чукхаьчча, Джейране а вист ца хуьлуш, дехьа чу а вахана, тийнна шен гIуллакхаш дина, дIатевжира воккха стаг. Бодане цIа чохь, бIаьргаш а биллина, вехха Iиллира и: «Зама тIекIелйаьлла… доьзалш а тIебевлла… архаш а карара дIашершина… Йа къар а велла, кхеран сискалш йууш, кIелсацар, йа сайн сий а ца дойуш, кхарех дIакъастар ду суна хIинца диснарг. ХIан-хIа! Ас сайн сий ишта атта дойуьйтур дац цхьаьнгге а: йа нахе а, йа кхаьрга а!»… Цу тIехь хедира цуьнан ойланийн зIе. Коьртехь цхьацца дагалецамаш иэбелира, хьесапан лаамера бовлуш. ТIаьххьара а, хелхавуьйлучу Джамбулан сурт дуьхьал а хIуттуш, гIийла велакъежар йуьхьа тIе а додуш, тхьевсира Тавсолта.

ТIаьхьо чубаьхкира: Нурседий, Селитий, Джамбуллий, Ахаттий. Цхьаьна пхьор а диъна, дIабийшира массо. Нурседина, шен Замий, Джамбуллий мара а доьллина, сихха наб кхийтира нара тIехь. Цунна тIаьххье набаро Iехийра вукху маьIIе йижина Селита а.

Ахаттий, Джейранний, учахь дехха къамелаш деш цхьаьна а Iийна, чудахана, дIадижира. Массеран а лерехь, уьш набарх боллалц, ца соцуш йекара ловзаргара вотий, пондаран гIовгIий.

 

* * *

Вукху дийнахь Егорыче кIантера телеграмма кхечира: «Квартира схьайелла, болх бу кийчча, сихха схьавола», — бохуш.

Воккхачу стеган дог ловзалелхара: хьоме кIант! Исбаьхьа Киев! Беза болх! — дерриг а йуха гур ду! Тахханехь новкъа вала лиира цунна. Делахь а, кхин кхаа денна тIаьхьатеттира цо шен дIавахар: цкъа-делахь, Селитас аьлла кхо дитт дехьа догIар, дуола а дина, чекхдалаза дара. Цул совнаха, оццу агIорхьа цхьаьний новкъа бовлуш бара Казахстане боьлху Анна Львовний, Ниночкий, Каташший, цаьрца ваха тIаьхьасецна Ахаттий.