Светлый фон

И шиъ охьахиъча, ша йукъавелира цхьа къона йуьртахо, шен галпех куьг а тоьхна, багахь цигаьрка а йоллуш. Меллаша тIевеанчу дежурнис шен лере цхьа дош аьлча, цо багара цигаьрка охьакхоьссира. Цуьнца йукъайаьккхира Нурседа. Чан эккхийтнна, цхьа тамаше, пелхьойн хелхар дира йуьртахочо Нурседица, массеран а самукъадоккхуш. Ловзар цу сохьта шен шовкъе кхечира.

— Здорово! Здорово! — элира, корта а ластийна, Ахата.

— ХIокхунах-м цхьаъ хила ма гIерта! — элира, шен лулахочуьнгахьа а вирзина, кертаца лаьттачу цхьана, бухарин холхазан куй коьртахьчо.

— Хьовсур вай, тIаьхьа хIун хуьлу, — корта таIийра вукхо.

Хьовсабаьхкинчех дIабаха дагахь хилларш а севцира. ТIеттIа талуш, дика дIадоьдура ловзар. РогIехь хелха буьйлура кегийрхой… Клубан заведующи Баштиров а вара кхузахь, IатIаран хьожа а йетталуш, забарш кхуьйсуш. Нурседа ойлане хьаьжира: цуьнан зуда Алпату йацара кхузахь, Джейран а йацара, иза чохь сацийнера Тавсолтас. УьйтIахь шатайпа зов лаьттара. Луьйчеран гIap а, пондаран, вотанан гIовгIа а ийнера, нехан къамел ца къасталуш. Стигал кхин а кхоьлира.

— ЙоI-м… оьрсий йоллушехь… лартIехь ма лела… вайна тамана делахь а, коьрта хIума а тиллина, ткъа хIокху кукайс хIун леладо, хьовха, коьртаIуьйра, и никIапа а йина, эхь ца хеташ цунна йуххе а хиъна… КIуж-меъ санна! — элира керта тIехьа лаьттачу зударех цхьамма.

— Цхьаъ хир ду-кх… — жоп делира уллерчо. — Ца го хьуна хьуьлла а цхьаьнаийна Iийраш?

— ДаватIарг! Нохчо йалийнехь ца мегар-те? — Iоьттира кертал чоьхьа шенна хIоттийначу гIантахь Iачу, Iаьржа кортали а кхоьллина, когаш тIе хIуттуш, хьалха дети чаьрпазаш а йохку, йеха полша а тIехь йолчу цхьана йоккхачу стага.

— XIapa-м хаза а дера йу. Дукха хьолахь-м вайчара йалориг иштта хаза а ца хуьлий.

— ХIаъанний! Кхечара ца йуьгуш йисинарг кхочу-кх вайчаьрга! — тIетайра йоккха стаг.

Йуххехьуо лаьтта цхьа йоIстаг тIейирзира царна:

— Бехк ма биллалахь, йоккха стаг! Иза-м нохчо санна йу хьуна… вайн мотт а хууш, берахь дуьйна вайца кхиъна. TIe, хIун башхо йу, ма-дарра аьлча? Шена йеззарг ца йалайо?

— ДаватIарг, и шен къомах йерг йеза ца мегара цунна?

— Магара… Делахь a, xIapa йезайелла-кх… Безамо къам ца хоьржу. Имама Шемала а йалийна, бах, шена йезайелча керста — эрмало.

— Хьо-м цаьргахьа йелин-ца! Цара лаьцча санна! Хьо а йу-кха уьш берриг! ХIун дуьйцур ду хьоьца?

— Хьенан йу иза? — хаьттира вукхо, нускалехьа куьг а тосуш.

— Вайн йуьртахь ваьхначу, тIаьхьа тIамехь вайначу механикан майоран Терентьев Иванан йоI йу-кх. Изий, кIентан дай хьуьлла Iе Керим цхьаьна ма лелла тIамехь… ДIо-о Iийриг йоьIан нана йу.