— ХIа-а, тIаккха-м ша ду, — тIетайра цхьаъ.
— Делахь а, оьрси йалийнарг шен нахах-м волу!.. Хьо хьоьжуш Iелахь, цу нускало и Каташ, вадийна, цхьанхьахула дIавуьгуш… стуннана а эцна! — Къамелана йукъайуьйлира йуха а йоккха стаг.
— И-м нис а дели хьан: Каташ ша ма вуй Казахстане ваха ветталург. Бал дIабирзинчул тIаьхьа уьш, баккъал а, дIабоьлху цига. Стуннана а хIун деш Iийр йу ша кхузахь? И йоI йоцург хIума ма дац цуьнан.
— Гой шуна! Деан ас боххучунна тIе! — шех тоам бина, гIадйахна йелайелира йоккха стаг. — Шен нахана вов-кх… Мохо даьхьна гIa санна!
— TIe дукха хьолехь чекх а ца долий церан дахар-м цхьаьна! — тIетесира кхечо.
— Дера ду, вон меттанаш IадIахь-м! — Iоьттира йоIстага. — Кхераниг-м муххале а! И къоман тайпанаш-м башха лера оьшуш а даций! Адаман дог дай коьртаниг-м! — оьгIазе элира йoIa.
Цу минотехь шен тидам йуха а ловзарна тIе а бирзина, йоккха стаг сецира: хелхарна йукъаваьккхинера кхойтта шо долу Джамбул. Дато бустамашца чоий, гIовтал дуьйхина, жимачу шаьлтанца, можа маьхьсеш а когахь, и хелхавала волавелча, дерриг ловзар цуьнга хьаьжжинчохь дисинера. Шеца йукъайаьккхинчу, шел лекхачу йоIана, и гена йаьлча, ког сиха шаршош, готосий, хьалхаэккхара иза. Цуьнан синкъераме йогу йуьхь хелхаран амалца товш бес-бесара хийцалора.
— Гора кIант йаI!
— Лечанан кIорни ду-кх!
— Хьовсал, Эсамбаев вац иза! Хьажал боьгIу бохь!
— И мичахь Iемина цунна?
— Ма тайна а ву! И йуткъа гIодайукъ! — кхуьйсура маьI-маьIIехь.
Нурседа йоккхайера. Ловзар дика дIадоьдура, амма сохьте хьаьжначу Нурседин йуьхь хIинца йулайелира: барт бина хан тIекхочуш лаьттара. Джамбула уьйтIахула маса готуьйсура, йоI йукъара ца йолуьйтуш. Хьалхарчу могIаршка а йаьлла, Зама а лаьттара, бага а гIаттийна, вешина тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаккха цIеххьана дIаиккхира иза цIехьа.
ЦIахь, нара тIехь ловзаран гIовгIа а хезаш, амма цига хIумма а са ца гатлуш, шен суьлхьанаш а хьийзош Iapa Тавсолта. Джейран пеша гонаха хьийзара.
— Дада, валохьа! — куьг а лаьцна, дIаозийра Замас ненада. — Цигахь-м хаза дай! Валохьа, дада! Джамбул вай цигахь-м хелхавуьйлуш!
Джамбул хелхавуьйлу сурт дуьхьалхIоьттича, ца Iавелла, гIаьттира Тавсолта. XIapa шиъ керта йуххе дIакхаьчча а, уьйтIахь хелхаран кIур беш воллура кхин цкъа а йукъаваьккхина Джамбул. Кхуо къарйина, гIелйелла йоIстаг, йела а къежаш, йукъара а йаьлла, шен метте охьахиира. Кертал чоьхьа ца волуш, нах меттах ца хьеба, арахьара хьоьжуш, нацкъаро сецира Тавсолта, Джамбуле цкъа бIаьрг а тоьхна, йуха чуваха дагахь. Кхин цкъа-шозза го а бина, Джамбул, йуккъерчу стоьла тIе а хилла, Каташана, гола тухуш бохь а боьгIна, йуьстахвелира.