«ХIан-хIа! — йуха а ойла оьгIазе гулйелира цуьнан. — Церан сискалш а йууш, сайн сий а доьхкина, царна кIел со соцур вац!» — шен дагахь ондда ойла йира цо.
Тавсолтин бIаьргаш чохь, кIегийн суйнаш гулделира. Баккъалла а аьлча, шина а йоIа xIapa волчохь хIинца коьрта йовлакхаш тохкура, кхуьнан йуьхь лоруш: «Вай Iадаташца къуьйсу, деца — ца къуьйсу» — дара дагахь. Бакъду, Селита, цуьнца кIеда-мерза хиларца, шеца и таван гIертара, ткъа Нурседас а шен ма-торру лорура иза: и вист шега ца хилахь а, эрна халахетар цунна ца долуьйтуш а, алапа дIалуш а, оьций, дена цхьацца хIума йахьаш а. Амма мехкарий вовшах а бетташ, хIинца кино а, клубе а кхуьйлура цо, гина фильмаш а, йешна книжкаш а цаьрца йийцаре а йохкуш. Иза дIакхачадора Тавсолтега:
«Iайт, гаур йаI! Хьох жима йолуш дуьйна а сан вагар эрна ца хиллера!» — цергаш хьакхийра дас, генарнаш а дагадаьхкина.
Перерывна бераш уьйтIа хьаьлхира. «Дада-бIарана» кIел дада а гина, тIейера Зама. Урамехьара схьаведира Джамбул а, карахь цхьа конверт а лестош:
— ТIехволучу почтальоно схьадели.
— Дешал.
Кехат Казахстанера дара: «Шакен-агIа велла… Со кхузахь ца Iийча ца йолу. Бехк ма билла. Йухаяре ма хьежа. Шу лоруш йолу Джейран»…
Тавсолтин бIаьргаш чуьра ондда догу кIегий, тIе чим тесча санна, дайра. И йуха цайарах бан тамаш-м бацара: Тавсолтина хьалххе дуьйна а ма хетара, иза иштта хир ду аьлла. Делахь а, хIинца, баккъал а и хилла даьлча, дог къовзийра цуьнан — тIаьххьара а ша виси! Шена йуххера Джамбуллий, Замий тIе а озийна, церан кортойх дехха куьг хьийкхира Тавсолтас, ойлане меттах ца хьовш, бIаьрзечо санна, пIелгашца сов дай, уьш лазорна кхоьруш санна, экаме кIеда церан месаш а кегош. Шеллуш санна, хебира и: Iаьнна гергагIерта гуьйренан денош баккъал а тIеттIа шеллуш догIура, амма Тавсолта хIинца шелвийриг и кехат дара. Кхин цкъа а, хоршахь санна, вегийра и.
— Дада, вайна иштта шийла а ма йац хIинца, — элира Джамбула.
— Делахь а… дегI шелло зама тIекхаьчна сан, Джамбул… Цхьа хан йара, ас дегIаца кетар йохйеш. ХIинца кетаро дегI дохде хан тIекхаьчна. Кестта дегI а, кетар а пеша хьалха лоьцу хан а схьахIуттур йу…
ОЙЛАНАШ… ОЙЛАНАШ…
Вукху бIаьста, хьалххе долийна долу некъаш тадар а, йуьрта электросерло йалор а май тIекхачале чекхдаьккхира. ХIинца йолийначохь лаьттачу интернатан ойла йеш Iapa кху апрелан сарахь шен кабинетехь Нурседа.
— Гора, Нурседа, йаI! — элира чуваьллачу, мичча aгIop а кхуьнца эвхьазвала луучу клубан заведующес Башгировс. — Хьо йуьртнана ма-хIоьтти, и Ленинан серло вайна а схьакхачий-кх ахь! — кабинета чохь йогучу электролампене корта а ластийна, кхуьнга куьг а кховдош.