Светлый фон

— Нуц ваккха!

— Нус йаккха!

— Цхьаьний даккха! — маьI-маьIIера маьхьарий девлира.

И шиъ йукъадаьккхира. ХIинца, цу шинга а хьаьжна, дIаваха дагахь, кхин а сецира Тавсолта. Нурседа хIинца хьалагIаьттира. Ша йолччуьра кхин цкъа а шен мехкаршка бIаьрг туьйхира цо. ТIаккха цIеххьана цуьнан йуьхьа тIе IиндагIа дедира: йиллина хан тIекхаьчнера, ткъа хIинццалц кхузахь хилла а воцу Тавсолта хIинца, буьрса гIаларт санна, керта уллора чухьоьжуш гира цунна. Каташца хелхайолучу Ниночкас, бинчу бартаца, ша шозлагIа го боккхуш, уьйтIа йуккъе нисйелча, шен коьртара къорза дарин йовлакх, схьа а даьккхина, хаза тIехула а хьовзийна, коьртаIуьйра йолуш, белшех тесира. Цу сохьта цунах догдаьлла, дIаваха сацийра Тавсолтас, амма эццахь, цIеххьана цуьнан бIаьргашна хьалха хIоьттинарг, цхьа ирча гIан санна, кхин а тамаше дара — стоьлан гонашкахь Iачу массо а мехкарша, цхьаьний, эсала бела а къежаш, цхьабосса охьайахийтира шайн коьртара хIуманаш!

Цецваьлла Тавсолта хьалхатаьIира: цу сохьта нисса дуьхьаларчу «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьла тIехьа, массо а санна, кортаIуьйра йаьлла шен Нурседий, Селитий а гина, ша волччохь бIаьргаш къарзийра цо.

«Дуьне доха герга дахана-техьа?» — дагатесира Тавсолтина. Схьахьоьжучу шен дех хIинцца бIаьрг кхийтира Селитин а. Тавсолтин Iадийна йуьхь йайча, йуьйхира йоI. Сиха шен куьг белшах охьакхозучу йовлакха тIе даьхьира цо, иза йуха хьалаозош. Оцуьнан тидам хиллачу Нурседас, тIехьара схьа а лаьцна, охьаозийра йишин пхьарс:

— Ахь хIун до? И мегар дац, сан йиша! — элира цо Селитин лере.

— ДIахьажахьа! Ца го хьуна? — хаьттира Селитас доьхначу лерца.

Охьа а ца хууш, тIехьарчу могIарехь, массарна а гуш, ша лаьтта Тавсолта, гIорийначу йуьхьаца, цеце догучу бIаьргашца нисса кхаьргахьа хьоьжура. Цунна гонахара а, тIехьарчу могIаршкара а нах хьалагIевттира.

— Го-те! Гича хIун ду? Дерриг а дийцина дацара вайн? — элира Нурседас йише. ЧIагIделлачу дагца хьоьжура и Тавсолте.

Тавсолтин хIиттинчу бIаьргаш чуьра цабезаман алу туьйсура. Ша кхарна хIинца а дика ца го-те аьлла, иза кхин а цхьа-ши гIулч йуккъе хилира. Стоьла гонахарнаш а хьалагIевттира, делахь а мехкарий, йовлакхаш йуха дIа а ца тохкуш, кортаIуьйра лаьттара. Селитас кхин цкъа а шен куьг йовлакха тIе даьхьира, и хьалаозош. Цунна эхь а, къа а хийтира шаьш сел чIогIа догъэшийнчу шайн дех. Селитин йохар а Тавсолта а гина, кхин цхьана-шина йоIа а дIатехкира шайн йовлакхаш. ТIаккха Селитин лере таьIира Нурседа:

— Эхь ца хета хьуна?! Барт а хIунда бора ахь, хьуо шалха хирг хилча?

Оцу тIехтохамо йагийра Селита:

— Цуьнга и цаладаларна кхоьру!