Светлый фон

Цуьнан кIеззиг раз доьгIначу, хазачу, хIинца сингаттаме севцначу, Iаьржачу бIаьргаш чуьра хи даланцара: уьш декъа, амма ойлане хьоьжура шайна хьалха. Корта а, сакхбаьллачу кхокханан санна, кIеззиг раз таIIийнчохь сецнера цуьнан. Нурседа, чухула пхьарс а баьккхина, меллаша дIасалелара цуьнца, дагна оьш-оьшу дешнаш лоьхуш.

Схьакхечира цIерпошт. Керима церан билеташ цхьана вагона тIе а нисдина, цхьаьний тIебевлира уьш. Селитас мара а къевлина, хаьттира, вагон тIера йуха а охьайоьссинчу, йуьхь йекхаеллачу Анна Львовне:

— Алахьа, хала ца хета хьуна, айхьа ткъех шарахь болх бина меттиггий, тхой дитина дIайоьдуш?

— Дера, хета! Делахь а, диканна йоьдий со-м… Целинехь со кхузахьчул а чIогIа оьшу хIинца… сайн берашца а хир… Йукъ-кара вай вовшашна тIекхача а мега! Вовшийн дагахь мел ду, къаьстина а даций вай-м! Йуххехь а боллушехь, вовшах къаьстинарш а дукха ма бу. Вай мел гена довлахь а, даим вовшашна гергахь ду! — бIаьргаш чу хи доьссира цунна. Йуха а мар-мара лилхира…

ЦIерпошт дIайолайелира…

Селита лешначу бIаьргашца тIаьхьахьоьжура цIерпоштна: цуьнан даго хьоьхура — хIинца гуттаренна а дIайуьгура цо, кху дуьнентIехь цуьнан уггаре а хьоме доттагIа — Анна Львовна!

 

* * *

Уьш дIабаханчул тIаьхьа Эскинойхь школин директор Селита хIоттийра. Тавсолта а школин хехо вахара, беш лелор тIе а диллина: воккха хилла вогIучу Тавсолтина шен лула балха ван лиира. TIe Джамбулний, Заминий ша йуххе а хир, — бохура цуьнан даго. И бераш хIинца кхин а хьоме хетара: вистхила, тIеозо кхин цхьа а ца виснера цуьнан. Тийна лелара и школин бешахула, шен гIуллакх деш.

Масех кIира а делира. Селитига ца ваьлла, балха тIехь а, чохь а, цхьа-ши дош олура цо, амма Нурседига-м вист ца хуьлура, йа дIа а ца хьожура.

Эскинойхь комсомольски ловзаргахь хилларг массанхьахула гIаределира — цхьаболчара гIийбат деш, вукхара чIогIа хастош. Вовшашлахь доггах къобалдора и дукхахболчу кегийрхоша.

Тавсолтегахьа узуш, и ловзар аьшнаш деш, цунна йаппарш йийриш а гора. Амма хIинца дукханне дагахь кхин дара: муьлхачу aгIop доьрзур ду-те Тавсолтиний, цуьнан мехкаршний йуккъера дов? ХIун дер-те хIинца Тавсолтас?

Нахана йовзара Тавсолтин мокхазан амал, хаьара иза, къарвелла, Iийр воцийла, делахь а кхин а гора: заманан хийцам цуьнгахьа бацара! Амма цунна йух-йха Iеткъара къанвеллачу хенахь шена тIедеъна и «доккха эхь». ХIинца а, бешара гIуллакхаш дина а ваьлла, «Дада-бIара» кIел гоьрга тIе охьалахвелира и, ойлане вахана. Шен ши йоI саннарш йуьртахь кхин а шорта хиларо цуьрриг йай ца йора, цунна гергахь, цуьнан йуьхьIаьржо. Селхана Ахьмас а кхунна тIех а туьйхира, берриш карзахбаьхнарш кхуьнан ши йоI йу аьлла. ХIинца xIapa новкъахула дIасавогIуш, нах а, тохара санна, лараме ца хьоьжура кхуьнга, хьала а дегаза гIовттура.