Светлый фон

— Мича балхахь ву иза? ЦIе хIун йу цуьнан? — къолам блокнота тIе баьхьира йаздархочо.

Алпатус узарш дора:

— Эскинойхь клубан заведующи ву… Кхунна а вевза. ЦIе муха йоккхур йу ас?.

— Баштиров ву-кх! Йало, Алпату, цIа гIo хьо. Кхерам бац хьуна цуьрриг а. Тахханехь вай и метта а валор ву! — дог тешош, элира Нурседас.

Алпату, йаздархочуьнгахьа хьаьжира: «Гирий хьуна?» — хоьттучу йуьхьаца.

НеI ца тухуш, оьгIазе чуиккхира, коьртахь йовлакх а доцуш, хедийнчу Iаьржачу месашца, тIехь дика кечйелла, цхьа йерстина хаза нохчийн зуда, стаммий хаза балдаш а, Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам а долуш.

Цунна тIаьххье чувелира тохарлера корреспондент… Цицигов. Нурседа ма-гиннехь, неIарехь вогIавелира, аьрру цIоцкъам ирх а доьдуш. ТIаккха, Усмановх а бIаьрг кхетта, шолгIаниг а хьаладахара цуьнан. Вухавирзина, маса татанза аравелира иза.

— Охьахаа. Со ладугIуш йу, — шийло элира Нурседас, чуйеанчуьнан питане амал шена йуьйцуш хазарна. ГIант стоьла йуххе а хилийна, охьахиира зуда, гоьл тIе ког а тесна. ЦIен маникюр йинчу пIелгийн томмагIне кIаьгнаш долу, севсина кIайн куьйгаш, стоьл тIе а дехкина, тем боцуш хьедора цо. Балдех басар хьекхна цхьа пIелг а бара цIен.

— ХIун хилла? Дийцал!

— Ша зампред ву бохуш, эцца хиъна Iачу цу москало — Керима — болх ца ло-кх суна. Кхечара шега аьлча а!

— ХIун болх боьхура ахь?

— Ас-м, хIинца… партис а вайнехан зударийн бакъонаш хьалаойуш… сайгахь товболлу болх боьхура. ХIун башха бу иза?

— Ткъа муьлха болх боьхура ахь?

— Муьлххарг а башха бац. Хаза товш, бан дог догIу болх хилчахьана.

— Масала!

— Сельсоветан председатель а, маслопроман заведующи а… Раймаган директор а. Масане хуьлу уьш… Кхечухьа а хIиттиний куьйгаллин белхашка вайн зударий, цхьаболу божарий дIа а бохуш…

— Ахь биний, Ткъа хьалха и белхаш? Балур буй хьоьга уьш?

— Ца бина бан-м… Iемар ду-кх. Цкъа долоза хуьлий цхьа а? Масала, хьох а тхан, зударийн, тхьамда хилла!.. Массанхьа а хIинца хьалабохуш ма бу вайн зударий! Вайга, зударшка, далур а доцуш хIун ду? Вай-м боккха ницкъ бай, вовшахкхетча! — аз айдира зудчо.

— Ткъа цо хIун эли хьоьга?

— И чIогIа дуьхьал ву партис зударшна лучу бакъонна!.. Хьажахьа, «И белхаш хьоь балур бац, колхозе доярка гIyo!» элин-ца цу гIиргIано соьга… бархI класс чекх а йаьккхина йолчу! Оцунна а хезира! — йерстана зуда шена тIехьа йухахьаьжира, амма «важа» цигахь ца карийна, цо шен куьйгаш, кхин а тем боцуш, дIасашершадора стоьла тIехь.