— Иза мила вара? — неIарехьа корта ластийра Нурседас.
— ГIалитIера веана радион корреспондент вара и-м. ХIинцца вухавогIур ву. ЧIогIа вайн зударшкахьа узуш ву. Сан арз талла дIаэцна цо… Соьца Керим волчу а веара. Амма тхойший а арадаьккхи цу москало! ХIинца хуур-м ду хьуна цунна. Вай йовлакхаш цалелораш ца деза-кх… Iадатийн коьжалг!
— Иза бакълуьйш санна, хета суна-м! Коьртара йовлакх охьадилларх-м дерриге кхочуш ца хуьлий! И доккха хIума а дац! Луучо леладе. Цхьайолчуьнан йовлакх охьадиллар — керлачу оьздангалле гIертарца ду, ткъа кхийолчуьнан — иза баккъал а хецайалар хуьлу: ширачу оьздангаллех а йолу, керлачух дIа а ца кхета! Ткъа уьш баций и «куьйгаллин балха» оьхуьйтурш-м!.. Масала, ахь муха гайтина хIинццалц хьуо балхахь а, дахарехь а?
— «Муха гайтина?» «Муха гайтина?..» ХIун даьлла соьгара?
— Цкъа, столовера повар йолчуьра дIайаьккхира хьо, даьтта а лачкъийна. ШозлагIа, кассир йолчохь, ахча а ца тоьъна, чуйоьллира хьо, йуха халла кIелхьара а йолуш.
— ХIан-хIа! И бакъ дац. Со цу тIехь реабилитировать йина. И дIадаьлла! И дийца оьшуш а дац.
— Собар делахь! Пхоьазза марехь хилла хьо?
— Ца хилла кхузза бен-м!
— Важа, загс а ца йеш, айхьа дина ши маре ца лору ахь?
— Ца лору-те! И-м законо а ца лору!
— Сих ма лолахь… Иза-м кхин а оьшуш дай! ХIинца лакхара болх лоьхуш лела… «и» йуххе а ваьккхина!.. — оьгIазйахара Нурседа. — Суна ца вевза моьтту хьуна и… «корреспондент!»… «чIогIа зударшкахьа ву!»… By-те… дуьмехьа цициг санна!.. Кху чу и вуха вогIур вац, хьуна!
— Иза-м суна а вевза! — къамелана йукъавеара Усманов. — Иза-м, бутт хьалха — радиокомитетера а дIаваьккхина плагиат ярна! И кхуза муха кхаьчна ца кхета со!
— Гой хьуна? — хаьттира Нурседас зудче.
Йерстана зуда ша йолччохь йегийра, ченах цIанло котам санна.
— Куьйгалле гIертачул, цкъа хьайга балучу балха тIехь хьуо гайта! ТIаккха, лакхара гIуллакх а, ахь ца доьххушехь, ша-шаха кховдор ду хьоьга!.. ДIагIуо Керима хьехочу балха! Ас а бина иза-м, хаза а хеташ… суо итт класс чекхйаьккхина йоллушехь.
Йерстинчу зудчун хаза йуьхь ирча хебира:
— А-а-а!.. Со кхийти ахь лелочух! Хьуо лакхайаьлла дела, кхечарна некъ боьхкуш йу хьо… Суна ца хаьа, моьтту хьуна… ахь Керимехьа хIунда уьйзу а?.. Шуьшиъ… вовшашка безам болуш ду, моьтту суна!
Селита, инзарйаьлла, хьоьжура цуьнга: ша йолччохь хебира иза.
— Ас йаздийр ду иза! — ца соцура йерстинарг. — Йаздан деззачу!
— КIел куьг таIо, мукъна, ма йицлолахь хIинца а! — Iоьттира хьалха а хIокхо кхехьийтинчу анонимкех хезначу Нурседас.