Светлый фон

Эххар а, ша а гIелвелла, и дIахийцира цо. Йелла борз йуххехь а Iуьллуш, Тавсолта хIинца ша а, гIорасиз хилла, ша волччохь лаьттахь аркъал ваьржира, шен дегIах цхьаццанхьахула цIийш охьаоьху а хаалуш. Цкъа охьахаа гIоьртира Тавсолта, шен чевнаш дIайехка дагахь. Охьа ца хаавелира — гIopa дацара. Йуха а аркъалваьржира: «Хьажахь… — цIеххьана дагатесира цунна, — таханалера xIapa де сан хан кхаьчна, сан ле де хилла-кх… Кхузахь йаздина хилла-кх сан валар…» Цунах кхетта, къера хилла, амма ца вухуш, цец а ца волуш, шен ойланехь Iожаллина кIелсецира Тавсолта: «Йо, Дела! Гечде ахь суна, хьайн дуьнен чохь со вахарна! Ахь кхоьллина дела, ахь йеллачу бакъонца ваьхна-кх со!.. Амма со ледара хиларна — гечде ахь, йо Дела!» — ша-шена доIа дира Тавсолтас. ТIаккха дагахь йеса дийшира… ЦIий меллаша дIаоьхура, цунна хаалуш, оцуьнца цхьаний дегIepa тIаьххьара гIора а лекъаш лаьттара. ДегI тIеттIа маллуш догIура, амма кхетаман хьесапо, мелхо а, цIена а, кхин а сиха а дуьхьалтуьйсура Тавсолтина дIадаханчу, хIинца чекхдолуш лаьттачу дахарехь мел хилла дерш.

ЦIеххьана дагадеара Казахстанехь, ша барзана таллар, ша иза къиза йер: «Дала чIир йоцуш хIумма а ша дуьтур дац аьлла», — дагатесира цунна. Йха а: «Цунах яхнарг-м Делан чIир ма яра: цо говра ма цистира къиза»… «ХIа-а!» — юха дагатесира цунна ша хIетахь берзан тоьли чу кховдийначу шен куьйгана берзан кIезано, сакъерделла, бовха мотт хьакхар… «Уьш-м… эрна яйира… И дан-м ца оьшура», — дагатесира цунна. «Ткъа со-м сайн йоIана а топ тоха дагахь а вара… ХIунда?..» — дуьхьалтесира цунна школин кертахь, шайн ловзарна кечам беш, коьртаIуьйра, дела а къежаш, Керимца лаьтта Селитий, Нурседий… «Иза а Делан кхел йу… Со нийса вац… Амма»… — цуьнан лерехь йуха дийкира радиокедара дешнаш: «…Вайн йуьртахь, хьаьжкIийн меттана томка деро колхозхошна хIор шарахь хуьлу са шозза а сов йаьккхина»… — Тавсолтин йуьхь хебаршка йахара, цхьа боьха хьожа мере кхаьчча санна… «ХIан-хIа! Дин дехкар дика дац: дин доцчохь эхь-бехк а хир дац», — сацийра цо шен йовш лаьттачу тIаьххьарчу ойланехь. ДегIера са меллаша дIадоьдуш лаьттара, цунна шена а хаалуш.

Малх дIа а буьзна, маьркIаже хилира, хьуьн чохь бода хIоьттира. ХIинца цхьацца бIарлагIаш дуьхьалтийса йуьйлира Тавсолтина: хин йистехь кIудал карахь лаьтташ къона Нурбика йайра… Йуха — ша кхиийна бIаьстенан беш… ТIаккха, тIаме воьдучу дийнахь, шена хьалха лаьтта Дауд… Тавсолтина хаьара уьш бIарлагIаш юйла, амма хIетте а уьш яхлахьара аьлла хетара цунна шен даг чохь.

Эххар хьуьнан бодашкахь цхьа къора yгIap хезира. Тавсолтин кхетам йуха а самабелира: