Светлый фон

Бакъдолуш, хьалха Тавсолтас и аьттехьа а дуьтур дацара. Амма хIинца, массарна а хууш, цара мел лайначо а и захало маьрша доккхура. Массара а бехк а буьллур бара хIинца Тавсолта дуьхьалваьлча, иза адамалла ца хетта. Цхьана йукъана корта оллийна, бIаьргнегIарш дийшийна, ойла йеш а Iийна, кIедо хьалахьаьжира и Нурседега:

— Дика ду. Пурба ло ас.

Нурседас меллаша доккха садаьккхира: «Цхьаъ-м чекхделира».

ТIаккха, оцунах догйовха хиллачу Нурседас, кIеззиг хан а йалийтина, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, шех тера доцчу, эхь хетарца ийзалуш, къадийра дега:

— Дада, кхин а ду къасто дезаш цхьа гIуллакх: и ловзар… комсомольски куьцехь дан лууш ду тхо…

Тавсолта ша лаьттачохь вогIавелира, цIоцкъамаш хьалатосуш.

— Иза мегар дац! — дагарца санна, хадийра цо. — Со велчхьана лелар ду шу… и шайн жIаьлийн ловзарш а хIиттош… ХIун тоьла и вайн нохчийн ловзарал!.. Эзар шерашкахь дуьйна схьадогIу шен къоман Iадаташ ца дохош ша валийтар тоьлу! Вахарал а, дуьненал а деза ду эхь-бехккий, оьздангаллий!..

— Дада! Шемалан заманахь а ма ца лийрина и хIуманаш хIинца ахь санна чIогIа.

— Сацийт!.. Соьца и дуьйцу а йацара хьо… Кхин зама йелахьара, со ладоьгIуш а Iийр вацара!.. Со цкъа нахала ваьккхира аш… Кхин ас могуьйтур дац!

Нурседа, ара а йаьлла, дIайахара…

 

* * *

ШозлагIчу майхь, Iуьйранна дуьйна, школин кертахь ловзарна кечам бара беш: гIанташ дIасанисдеш, стоьлаш хIиттош, уьйтIа нуй хьоькхуш, керта тIехула шина бIогIамах электролампанаш туьйсуш бохкура кегийрхой. Цхьаберш хIинцале пхьаьрсех цIен цуьргаш а дихкина бара. Долалушшехь, де довха, cирлa деанера. Тавсолта, шайн чуьра ара а ваьлла, тIоьрмиг цхьана белшах, шен цхьалго-топ вукху белшах а кхозуш, меллаша школин керта хьалхахула, кех чу а ца хьоьжуш, церан тидам ца хуьлуш, дIавахара арцехьа талла. ЦIа веачхьана наг-наггахь воьдура иза цигахьа: Борзиг кхин цкъа а дуьхьалкхетар дацара-техьа бохург а дара дагахь, хьесапо иза, дIайаьллачу хене хьаьжча, йуххе а ца дуьттушехь.

Тавсолтина, ша тIехволуш, гу тIехь школин керта а хьоьжуш, вовшашка луьйш лаьтташ ши йуьртахо хаавелира:

— Комсомольски ловзар ду моьтту суна… йуха а кечдеш, — эккхийтира цхьаммо.

— Амма и хIинца-м баккхийчарна кечдо ма боху, — элира вукхо. Тавсолта а гина, сецира ший а.

«Хир дац!.. Хир дац!» — шен дагахь аьлла, Тавсолта школехьа вухавирзира.

ХIинца, школин кетIа ша нисвелча, ца соцуш цкъа тIехвала ойла хилира цуьнан, и бакъ карадахь шега лалур дац аьлла. ТIаккха а, Iе ца велла, соцунгIа а хилла, керта хьаьжира иза: хезначул а сов карийра къаьхьачу бакъдолчун билгалонаш! Йерриг керт, кхунна ма-хаззара, тохара санна, ловзарна дика кечйинера, тIе, «Дада-бIара» кIел, хецца, цхьаннах а ца ийзалуш, коьрта-Iуьйра йух-йуххехь лаьттара Нурседий, Кериммий, гIанта тIехь дуьхь-дуьхьал Iара Увайссий, Селитий. Коьрта чу ов тоьхча санна, шен собар довш а хетта, шегара цхьаъ далале, уьш ца гинчуха дIаволавелира Тавсолта. Цу сохьта кхунна тIехволуш нисвеллачу кхуьнан йуьртахочо Ахьмас, салам а ца луш, цаьргахьа а хьаьжна, лаьтта туьйнаш туьйхира.