Селитина дуьхьал гIанта охьахиира Увайс. Тамаше хийтира цунна: тоххарлерачу Селитех йоьзна хилла хIуманаш хIинцца схьавогIуш йуха гаро, мелхо а, дикахо дагадоуьйтура йоьIан хIетахьлера амат, ма-дарра и меттахIоттош, хIинца и ша гучул. Ia-ш, йуьхьанца жим-жимма, тIаккха сихха тохарлеррачух дуьззина йуха дIатарделира Селитин амат. Оццул вовшех хьегна доллушехь, эхь а хетара вовшашка лерана хьежа, ткъа ца хьаьжча а ца Iалора. Тохара санна къона йацахь а, оццул хан йаьллашехь, и кIезиг хийцайелча санна хийтира цунна: «Ас лайнарг а ца лайна», — дагадеара. Селитин хIинцца хебаршка эха доьлла бIаьргийн гонаш а, косынки кIелдIахула, хьаргIанан тIам санна, Iаьржачу месашлахь наг-наггахь, детийн хьесех тера, лепа кIайн чоьш а товш, цуьнан васт кхолуш, кIоргачу маьIне хийтира Увайсана.
Селитин собаре Iаьржа бIаьргаш, хьалха санна, цхьана эшшарехь лепара, шайн кIоргехь догучуьнан дуьхье цхьа а кхиа йиш йоцуш, ткъа Селитина Увайсан амато кIезиг дагавоуьйтура мацахлера Увайс: цуьнан йуьхь хIинца, шен къона аматаш дайна, чевнийн моьнаша а, къежваларо а хийцинера, аз а, бага тоьхначу кIайчу цергаша, кхечу aгIop доькуьйтура, амма цуьнан дIахIоттаран а, Iеран а кеп, куьйгаш лелор а — хIетахьлерраниг дара.
«XIapa ву-кх суна сел кIоргера везнарг, оццул ас сатийсинарг», — бохура Селитин даго: Увайсан хIинцалера амат тохарлера Увайсах хIинца а дIа ца уьйра. Делахь а… Селитина дерриг дуьне хIинццалц схьа дицдинарг и Iийриг-м вара!
Ойланан ницкъаца жималла йухайерзийна, йукъайоьлла хан а ца лоьруш, хIетахь диссинчуьра дIабахьа лаьара Селитина шайн безам, амма и дан ницкъ ца кхочура: йукъайоьлла хан нуьцкъала йара.
— Селита, хьайн дош кхочушди ахь! — элира Увайса, серлаваьлла.
— Ахь, ткъа?.. Зуда йалийна-м вац хьо? — забаре хаьттира.
— Дера вац, Селита… Делахь а, оьздангаллица хьоьга ца кхачало цхьа а! Ахь со вицвинехь а, бехк ца биллал, даккхий хIуманаш дара шуна тIехIиттинарш. Бакъду, Селита, ас лайнарш хьуна хиъча, цу тIехь хьо соьга-м нислур йацара!
— ДIадевлларш дитахьа! Алахьа, йезий хьуна со хIинца а… йа дош кхочушдархьама воллу хьо?.. — хаьттира майрайаьллачу Селитас.
— Дуьнен чохь мел долчул чIогIа!.. Хьажал!.. — аьлла, кителан хьалхарчу киснара схьадаьккхина, мацах Селитас шен пIелг дIабихкина, йовлакх схьауьйхьира Увайса.
— Хьажахьа! ОстопираллахI! — делира Нурседега…
ТIаккха, шен кофтин киснара, блокнота йуккъера схьаэцна, дакъаделла, басадаьлла петIамат-зезаг гайтира, йист а ца хуьлуш, Селитас!
— ОстопираллахI! — йуха а цецйелира Нурседа. — Ма доккха хIума ду-кх: цкъа а соьга ца гайтинера-кх ахь иза, Селита!