Светлый фон

— Делан неIалт хуьлда шуна! Шайна могуьйту дела лела-кх шу, — аьлла.

Тавсолтин мочхалш ваьшта дахара, бIаьргашна дуьхьал бода хIоьттира, синкхетам кхолош. Ша волччохь вогIавелира и. Шен карара топ цкъа хьайира цо.

— ХIан-хIа… Харц ву хьо! Заманца вагIац хьо!.. Эхь дац ахь лелориг! Хьо-х цу берийн да ву! — элира цигахь тIехволуш нисвеллачу кхечу воккхачу стага.

— Хаьий хьуна, — кица а далийра цо. — Йуьртаца къийсинарг — йуьртах ваьлла, заманца къийсинарг — коьртах ваьлла…

Тавсолта, вист а ца хуьлуш, дIаволавелира. Школин кетIарчу бIогIамах кхозучу радио-кедо нохчийн маттахь схьахоуьйтура: «ТIаьххьарчу шарахь вайн йуьртахь хьаьжкIийн меттана томка деран гIуллакх йукъадаккхаро колхозхошна хуьлу са шозза совйаьккхина»… Корта а ластийна, лаьттах туьйнаш тухуш, ког сихбира Тавсолтас. И дIавоьдура йуьртах болучу новкъа… Шен дагахь вуха а ца ван… Грозный-гIалахьа… Цигара гIалмакхойн махка…

БIаьстенан цIенчу стиглара комаьршша чуIенара маьлхан зIаьнарш. Гонахара башлаьмнаш, массо а басаца шайн баххьаш догуш, синтеме схьахьоьжура.

Школин кертарчу бIогIамах боллучу радио-кедара хIинца схьайекара Арам Хачатурянан музыка: «Таррашца хелхавалар» йевзира и Нурседина. Иза цуьнга ладегIа йелира. Цуьнан мукъамца цунна гуттара а дуьхьалтосура цхьана аьрха дIауьдучу ирсана, йукъ тIеттIа йацйеш, синкъераме тIаьхьауьдучу беречун сурт…

КетIахь ловзарна кечамбечех волчу цхьана комсомольце тIекхайкхина хаьттира Нурседас:

— Муьлш бара кертал дехьа, лаьттина, дIабаханарш?..

— Цхьа ши стаг а вара, шун да а вара… Тавсолта… Керта чоьхьа а хьаьжжа, оьгIазвахна дIавахара… Хьуьлла воьду, тIаьхьа пIелг хьажийра цо.

Геннахь хIинца а дай телхара, тIаьхь-тIаьхьа жимлуш доьду Тавсолтин IиндагI. ТIаьххьара а, юьртах болу некъ гуна тIехьа боьрззучохь, къайлавелира Тавсолта.

— ВухавогIур вара и-м… Талла вахана хир ву, — элира Керима…

Йуьртал ара а ваьлла, ша хьуьнан йисте кхаьчча, цунна тIехула схьагучу, ЧIап-ломах бIаьрг туьйхира Тавсолтас, соцунгIа а хилла, шен дагахь цуьнан Iодика йечух тера. Ша кхузара даим а дIавоьдий-те аьлла, ойла хиллачу Тавсолтина шен беллачийн кешнашна тIе хIотта а лиира. Уьш хьуьнан дехьа йистехь дохкура. Аьрру агIор чувирзина, гIашлойн некъахула Тавсолта хьуьн чу тилира. Цигашхула раз дIасаоьхучу некъашлахь, тоххара шена дуьххьара Борзиг дуьхьалкхеттачу, ирзонехьа боьдучу новкъа велира Тавсолта: кешнаш а ирзона тIехьа дара. Ког сихбинна вогIура Тавсолта: малх дIабузале юха хьуьнхара аравала кхиан а везара. Хьун луьстта сенъеллера хIинцале а. Маьлхан зIаьнарш халла чекхйовлура дуькъачу гаьннашна юккъехула. Стохка гурахь дуьйна охьаэгна гIаш, хIинца а цхьаццанхьа, мохо дахьаза, Iохку, когашна кIел кIедо хаалора лаьтта чутаьIначохь. Олхазарш дека хезара маьI-маьIIера.