Светлый фон

— Селита, алал хIинца ахьа: реза йуй хьо?.. — къовзийна-а хаьттира Увайса, чевнаша шен эрчаваккхар дагалаьцна.

— Дера йу! — цуьнан ойланах кхийтира Селита, — суна хьан йуьхьал а чIогIа дезарг хьан са ду!

Цара эццигахь барт бира, Нурседа теш а йолуш, Увайс цIа варна шолгIачу майхь Керима школин кертахь дан дагалаьцна долу ловзар, кху шиннан цхьаьнакхетар дIадерзош а, хилийта. Цкъачунна Увайс дIанисвира школехь тохара кхеран хиллачу цIа чохь.

 

* * *

Цу сахьта йуьртахула чекхделира Увайс цIаварх хабар. Дукха нах: кегийрхой а, нийсарой а таттабелира школин керта. Массара а — вевзачара а, хезначара а, — маравуьхкура Увайс. Эххар а, войдаьллачу накхарша санна, школин кертахь гIар латтийна Увайс волчу баьхкинарш, дIасабекъабелира, цуьнга шайгий-шайгий хьошалгIа а кхайкхина.

Увайс Тавсолтина дуьхьалхIоьттира, цуьнан цIа а вахна.

— Марша-могуш хуьлда хьо, Тавсолта. Со Увайс ву…

— ЭлхьамдуьлиллахI! Марша вогIийла хьо, Увайс! — Тавсолтина а хезнера и цIавеъна бохург. — Далла хастам бу хьо цIа веъна! — воккхачу стага маравоьллира иза, тIаккха вист ца хуьлуш лаьттира ший а. Тавсолта лаьттан бIаьра хьоьжура: цунна дагавеара Дауд: «Делахь а, дан хIума дац-кх Делан кхелана», — гора Увайсана цуьнан йуьхьа тIехь.

Тийна хьоьжура Увайс, дагахь цунах эхь а хеташ: «Со вийна а волуш, хьан кIант велара цIа веъна», — хийтира Увайсана.

Увайсана дика гора Тавсолтин къанвалар: маж-мекх кIайделлера, логан шина а агIорхула охьадогIура хебарийн кIорггера хершнаш. Къежделла цIоцкъамаш, къухах тера схьагIоьртинера кIайчу хьаьжа тIера. Амма царна кIелхьара хьоьжу бIаьргаш, тIехула тесначу овкъарх чекх суйнаш а туьйсуш, йогу цIе санна, хIинца а нуьцкъала лепара.

— Дика ду цIа веъна… ТIаккхахула а гур… Вало, хьайн гIуллакхашка хьажа, — аьлла, Увайс дIавахийтира Тавсолтас, цхьацца хеттарш ша дина ваьлча.

 

ТАВСОЛТА ДIАВОЬДУ…

 

ШозлагIчу Iуьйранна Тавсолта волчу чухIоьттира Нурседа. И шиъ вовшашка дист хуьлуш дара хIинца.

— Дада! Вайн йуккъе лела сов нах а бац. Ваьш дисина вай. Ахь бехк ма билла. Вешан гIуллакх вай къасточохь, схьагарехь, оьшуш а бац хийра нах. Цундела, ахь пурба лахь, хьох дагайала цхьа гIуллакх дара-кх сан хIинца, — шен коьртара йовлакх кхин а тодира Нурседас.

— ТIаккха!

— Тхуна ма-хаъара, xIapa йерриг йурт а теш йолуш, беран хенахь дуьйна вовшашка хьежна, вовшашна хан а йуьллуш, къаьстина ду Селитий, Увайссий. ХIинца Увайсан тамаше цIавар хилла. Селита цуьнга йаха реза йу. Увайсана а и лаьа… Хьоь пурба доьху! — тIетуьйхира Нурседас, ма-хуьллу деца дерг маслаIате чекхдолийла лууш.

Вуьшта заманчохь Тавсолтина гергахь оьзда дацара йоI лулахошка, йа вешин накъосте маре йалар!