Тавсолта, хьуьнан некъахула хьийзаш схьавогIуш, малх а эххар дIабуза а керчина, хIинца хьуьн чохь кхоьлина хетара. Тавсолта кхин а ког сихбина вогIура. Эххар, охьаэгначу гIашна кIел хаалучу тIуьначохь Тавсолта, ког а шершина, горавуьйжира. Хьалхатесна ши куьг гIашна йуккъехула кIедачу тIуьначу хоттах дахара. Цхьана куьйга кIел цхьа шийла эчиг хаайелира Тавсолтина. Цигахьа эгна Iохку гIаш гIожаца дIаса а хилийна, хьаьжча, Тавсолтина гира: йахкайелла йистина цIока… Гаржделлачу мочхалшна тIехь лепа кIайн кIомсарш… Йоьза хIоз!..
Схьаэцна, гIаш тIехьаькхна, цIан а бина, караийцира цо иза — и бара! Дисина гIаш лерина гIажца дIахилийна йуха а цIокане хьаьжира: дуккханхьа а кенех йаьлла цIока, — Тавсолтин бIаьрг оцунах цу сохьта кхуьуш, — барзо шен кIомсаршца цистина, тIелхагйаьккхинера. Тавсолта кхийтира: хIоккхузахь берзан багахь далар хиллера къанделлачу Борзиган.
ДIасахьаьжира Тавсолта: гонаха гуш-хезаш кхин хIума доцуш, хIокхо ша меттахйаьккхина тIуналлин матаран хьожа йоцург, шина кога тIе лах а велла, йоьза хIоз а карахь, цуьнга а хьоьжуш, ойлане вахара Тавсолта: оцунах доьзна кху тIаьххьарчу ткъех шарахь мел хилларг а юха дагадеара: луларчу юьртара жима кIеза четахь ша схьадар а… Доккха хилча цо цIехьа лихкина шайн дирша етт а… Шайн керт а… Нурбика а… Дауд а… Дерриш а… кху таханлерчу дийне кхаччалц!..
Шина а агIор беснешна тIехула охьабеъна хин ши тIадам мекхашлахь байра… «ХIинца малх бузуш а лаьтта, сихо йан йеза», — аьлла, дагатесна Тавсолта хьалаайалушшехь цуьнан белшаш тIе, кхоссайелла, цхьа хIума хиира: «Борз!».. — цу сохьта дог кхиира Тавсолтин. Шен гIори-гIоддаха иза охьакхоьссина, борз йухаэккхашехь цунна топ йалийта кхиира иза, тоьпан тата генна хьуьнчухула дIадоьдуш. Амма хIокхо топ йуха йулале, иза хьакхалуш кхетта, борз кхин а чIогIа дарйелла, шен кIомсарш а лепош, йуха а чухьаьдира Тавсолтина. Кхин дан хIума а ца хилла, Тавсолтас доггах ластийна тоьпан бух туьйхира барзана, цуьнан букъах а кхеташ. Борз дIаиккхира. Тоьпан бух кагбелла генна дIабахара. Борз йуха а чухьаьдира. Таллархочун мокха баттара а даьккхина, Тавсолта барзах тасавелира.
Хьалакхоссайеллачу барзо, Тавсолтин некха тIе кхетта, аркъал туьйхира и, шен кIомсарш, бедарех чекх цуьнан дегIах йохуьйтуш. Тавсолтас, бухара хьала лесто урс, цкъа берзан гIoгIax, тIаккха гех дахара. ТIаккха а, дIайала ца туьгуш, борз Тавсолтин белшах тасайелира ирачу кIомсаршца. ХIинца карара урс а охьадоьжначу Тавсолтас, кхин дан хIума шен ца диснийла хууш, берриг а шен бисинчу тIаьххьарчу ницкъаца, схьалаьцна, берзан лаг Iаьвдира. Карара дIа а ца хоьцуш, иштта дехха, ша Iаьвддинчохь латтийра цо иза, верриг а цунна тIевазвелла берзан дегI малделлачул тIаьхьа а…