Светлый фон

– Ахь тхоьга иштта чIогIа бехкбаккхар нийса дац, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира цо, гIовталан кочан лакхара ши вета дIа а хоьцуш. – Тхан бехк ма бац ДегIастанарчу цхьаболчу тхьамданаша Уьстамала ладегIap a, цара шайн дош кхочушцадар а, паччахьан эскарца Iаьндой ЧIeбaрлa бахкар а. Баккъал аьлча, тхо а ду тхайн цхьаболчу тхьамданаша лелочух шек. Уьш вайн вархIий дайшкахь дуьйна схьа ханаш а, бекаш а хилла нах ма бу. Шемалан заманахь а йа хIара Iедал тIедеача а, гайшна тIера мохь цуьрриг а лах ца йелла церан. Царний, тхуний йукъахь стигаланий, лаьттаний йуккъехь йолччул йукъ йу. Тхо къен ду, шу санна, ткъа уьш хьал долуш бу. Уьш дуьне дIакхалла гIерта, ткъа оха сискал лоьху. Ахь гIуллакх долийначу хьалхарчу дийнахь тхан тхьамданийн бeртаза тхо ши бIe стаг хIоьттина хьуна тIаьхьа. Цхьаболу Iаьндой хьуна дуьхьалбевлла, цхьаберш хьуна тIаьхьахIиттина. Шун нохчашлахь а хилла-кх изза. Арен тIехь шун нохчийн йарташа тIe a ца эцна, йуха ца ваьлла хьо? ТIeцаэцaрaл сов, герз карахь хьуна дуьхьал ца бевлла уьш? ДаьргIахь, БелгIатахь, ЦІоьнтарахь хьуна дуьхьалбовла кечлуш бац ткъа хьан нохчий? Иштта ма алал ахь, Iаьлбаг-Хьаьжа. Вайн дайн кица ма ду, куьйган пхи пIeлг а бац цхьатера, олуш. Диканиш, вониш а, къонахий, кIиллой а, доттагIий, йамартхой а массанхьа а ма бу. Къаьсттина – кху заманахь.

– Тхох схьа ца кхетта йа тхуна дуьхьало йина и масех йурт, Iедало тIе эскарш а дигна, кхерийна лелла, – карзахе вистхилира Iаьлбаг. – ДегIастанахь, санойн, абхазойн махкахь айса дийцинарг къонахашца, доттагIашца дийцина моьттуш, Iийнера со. Амма, шун тхьамданех тешна, со гIалатваьлла хилла!

– Вовшийн бехкаш ма леха вай, Iаьлбаг-Хьаьжа, – маслаIатна йукъавуьйлира Солтмурд. – ДІaдaьлларг нислур дац вайга.

– Оха хIун дан лаьа хьуна, Iаьлбаг-Хьаьжа? – вистхилира xIeтталц тийна Iен алмакхойн векал. – Тхайгахьара хуьлу гIо дан кийча ду тхо.

Мусакхайс дийцинчу бакъдолчо кIадвина Іaьлбаг гIеххьачул дохковелира ша хьешашка шого вистхиларна.

– Бехк ма биллалаш суна, Мусакхай, – кIедо вистхилира иза. – Сайн хIусамeхь хьешашка иштта къамел дан декхар дацара сан. Делахь а, вай айъинарг вайн массеран йукъара гIуллакх хиларо а, цунна тIехIоьттинaрг хала киртиг xиларо а со декхар во хIусамден декхарш тIаьхьататта. Амма халахета шун тхьамданаш шайн дaшaх бохар. ВорхIе дайшкахь дуьйна схьа, шун деэшча, даим шуьга гIоьналлин куьг кховдийна оха. Мацвелла, тхайн махка, тxайна йукъавеанарг вузийна. Шун элийн къизаллех ведда, тхо долчу иккхинарг букъа тIехьа лаьцна. Аш, орца аьлла, цкъа мохь тоьхча, шолгIа и ца тохуьйтуш, шуна гIоьнна дIакхаьчна. Тхуна шу а хилла иштта. Амма кху некъехь шайн дош ца лардин аш…