– ДIадевлларш ма хьехадехьа, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда йуха а.
– ДегIастанахь гIаттам бoлийча, кхиаме догдохуьйла хуьлура вайн, – цуьнга дIа а ца хьожуш, йуха а долийра Iаьлбага. – Цуьнга догдохуьйла а дIайолу. XIинца йeрриг дегайовхо шух йоллу, Мусакхай. Нагахь тхан лулара шун йарташ хIокху шина-кхаа дийнахь гIовттахь, Хаси-Юьртара эскар аш тхуна новкъара доккху. Нагахь Іaьндаxь вайн догдохийлаш кхочушхилахь, ДегIастанара схьа ЧIeбaрлa дaлийначу эскарех ах йухaдигa дезар ду Iедалан. Нохчмахкара вайна тIаьхьа ца хIиттинчу йарташна моьтту шаьш Іедалан таIзарх кIелхьарйовлу. Амма инарла Вистуно къиза стаг ву, боху. Иза шайна тIехь таІзар дан волахь, и йарташ а цеpгaш йохказа Iийр йац. Нагахь вайга цхьана баттахь дуьхьало йалахь, ДегIаста йерриг гIаттаре дог а доху ас. Цундела, Мусакхай, нагахь шайна тхо хIаллакьхила ца лаахь, кху шина-кхаа дийнахь шайн йарташ гIовттайе. Сан дехар ду тхайн лулахошка, суьйлашка, шаьш дендерг, шалхо йоцуш, схьаалар.
Вуьшта а бехкалбаханчу сaлaтaвхоша, ойла йеш ца Iаш, сихха жоп делира Iаьлбаган хаттарна:
– Толам баккхахь а – цхьаьна, лахь а – цхьаьна хир вай. Шун бохаме хьуьйсуш Iийча, эхь ду тхуна. Делан гIоьнца, кханачул тIaьхьа оха герз караоьцур ду-кх.
Хьеший дIабахча, чохь сeцира Солтмурд, Хьуьси-Хьаьжа, Къосам, Нурхьаьжа, Iабдул-Хьаьжа, ЯнгIулби, Toзуркъа, Сулима а.
– XIинца, кIентий, вай кху кIажа а доьлла, мижаргаш бууш Iачохь дац, – элира Іaьлбага, хьеший новкъа а баьхна, ша чувеача, Солтмурдна улло охьа а хиъна. – Iабдул-Хьаьжа, хьо а, Хьуьси-Хьаьжа а тховссехь – МахкатIе, Сулиман – ЦIоьнтара, ГIубха – Гуьна йухадерза. Делла а, дисина а, цигара йарташ гIовтто йеза. Хьалха кхуза кхача там бу Кешанехь лаьтта бIo. Иза дукха боккха бац, амма цуьнца цхьаьна ши бIe сoв гIумкийн милцо ву шайн коьртехь Муса а волуш. Кхерам гергахиларна, йурт чІaгIйан йеза вай. Кхана Iуьйранна йуьртара массо а стаг дагаршца, белашца ара цa вaьккхича валац. Арен тIерачу йарташкa нaх хьовсо беза. Шаьш вайх схьа ца кхеталахь а, дуьхьалдуьйлучуьра совца аьлла. Ткъа хIинца охьадуьйшур вай. Кхана гIуллакхаш дукха ду.
2
Хьеший Iaьлбаган вeжaрийн а, шайн доттагIийн а хIусамашка дIасабахара. Іaьлбаг кетIарчу зIарах чоьхьаваьлча, цкъа oьгIазе гIигI дина, тIаккха, хIусамда вевзина, месала цІога а лестош, мотт баьккхина, качделла дуьхьалхьаьдира доккха, месала, сира жен жIaьла. Корехь гIийла серло йогура чуоьзначу чиркхан. ЖІaьла дIа а човхийна, парттал лохачу учи тIе а ваьлла, даим цIийзаш хуьлу неI, тата ца далийта, ойъуш схьа а йиллина, цIа чу велира Iаьлбаг. Пенах тоьхначу уьн тIера чиркх хьала а оьзна, меллaшa вaхана, цIенкъа мотт биллина Iуьллучу хIусамнанний, йоIаний тIехIоьттира иза.