Светлый фон

 

Симсaрaрчу Олдаман кIант, имам

Iaьлбаг-Хьаьжа»

Iaьлбаг-Хьаьжа»

 

3

 

Iaьлбагна шера хаьара, ша гуонна йукъахьарчош вуйла. Инарла Свистунов Шелахула схьа ма-веллинeхь, хиънера цунна иза Нохчмахка мича Iалашонна вогIу. Подполковникан Григорьевичан отряд Яркхсуца хьала зандакъа йан кечлoйлa a xиира.

Амма Iaьлбаган дуьхьало йан ницкъ бацара, цундела цо сацамбира, нагахь кхузахь вала дезахь, шен а, накъоcтийн а синош безачу мехах дIадала.

Шеца висина бIe гергга суьйлий а, церан эхханал нохчмахкахой а, цхьа салти а, Симсарара берриг бахархой а йурт чІaгIйан арабехира цо. Ишхой-Ломан агIoнгахьара кхерам бацара. Къовла безаш берг Диламера охьа а, Зандакъара хьала а богIу ши некъ бара. Некъашна шина а агIор долу дитташ, хедош, дуьхь-дуьхьал охьа а диттина, и ши некъ ваьлнашца дIакъевлира цо. Йуьртана гуо тосуш, лекхачу бердаш тIехула caьнгарш йахийтира, дуьхьал ханнаш а дохкуш.

Са ца доIуш, белхаш бора зударша а, бераша а. Бахархошна дихкинера имамера бакъонан кеxат доцуш йуьртара арабовла а, арахьара стаг чувита а.

Де делкъенга долуш, дуьхьалчу регIахь девллачу йаккхийчу тоьпийн татанаша цIеххьана болх сацабайтира цаьрга. Зандакъана тIехула дукъа тIехь хьуьнна тIехула йеанхьа сийна кIур айъабелира. КIеззиг хан йукъа а йулуьйтуш, йуx-йуха а дийла дуьйлира татанаш.

– Хьалакхаьчна и жIaьлеш! – йуьстах туй кхоьссира Іaьлбагна уллохь лаьттачу Солтмурда. – Зандакъана хIунда йетта-те, цигара нах-м, yьстагIий санна, эсала Iаш ма бара?

Йиллина дIа шеца лело турмал бIаьргашна тIе а лаьцна, Зандакъ-Лома буьxxье хьежа хIоьттира Іaьлбаг.

– Хаац. Цхьа дан йишйоццург коча Іоьттича, цабевллачу денна дуьхьало йина хир йу-кх зандакъоша а.

Турмал бIаьргаш тIера дIа а йаьккхина, шен гIоьнчий тIе а кхайкхина, царах дагавелира Іaьлбаг.

– Диламера охьабогIучу новкъахь ткъех стаг а витий, бисинчаьрга хIара агIо дIалацийта. XIинца а дикка хан йу вайн, – элиpa Iaьлбага, цаьрга ла а доьгІна. – Зударшкий, берашкий caьнгаршна тIулгаш кхехьийта. БІaьхоша шайн чІaгIонаш дIалеца. Муьлххачу минотана а кийча хила мостагІчунна дуьхьало йан.

Дукха хан йаллале Зандакъара схьабогIучу готтачу новкъахь дошлойн ковра гучуйелира. Уьш гIумкийн милицин разъездах тарбеллачу йуртларйархоша царах хIор а тоьпан Iалашоне лецира. Амма хьалха вогIург, бисинчех схьа а къаьстина, куьйгаш а лестош, мохь бетта вуьйлира.

– ОхI! Молла Нуркиша ву-кх иза! – вевзира иза цхьанна.

– Цуьнца Жанхот а!