Светлый фон

ХIара ойланаш тховса ма гIайгIане йу цуьнан! Догдиллар ду-те? Йа къонахалло дIатаса воллу-те? Йа зудчун бIaьрхиша дог кIаддина-те? ГІуллакхаш вуон-м, дера, ду, догдохийла а йоцуш. Амма чІeIa оьшуш дац. Цкъа вина, цкъа лийр ву. Цуьнан ницкъ ца кхаьчна дисинарг тIаьхьено чекхдоккхур. Цхьа а ца лазош, цхьаннех а цIий ца долуш хир ма йац халкъана маршо. Иза а, и санна, эзарнаш хIаллакьхилaрх а, халкъ дуьсу. Халкъаш дуьсу. Хьанна хаьа, мацца а цкъа, цхьабарт хилла, гIовтта а ма мега уьш. Кхетаме даьхкича. Цхьа, и саннарш боцуш, хьекъале нах коьрте хIиттича. Амма гIуллакхаш вуон ду. И дена неIалт хилaрш, туркой жимма а хьалха гIортахьара, ах мукъане a кхузара эскарш царна дуьхьал дига а мегара. Амма уьш цкъа а ца тоьлла оьрсел. XIинца толлане а тоьлур бац… Цхьаъ къyьйсу хир ду-кх цара а. Мискачийн дуьхьа-м ца къyьйсу хьуна цара. ХІокху паччахьаша лелочунна тIаьхьакхиъна вер вац. XIop a вoллу дерриг дуьне дIакхалла гIерташ. XIop а ву ша-ша бехказвуьйлуш. Кхин бехке веш.

Эрзан къолам шекъанна чу a Iоьттина, тептарна тIе хьалхатаьIира Іaьлбаг.

 

«Вежаршка гиххошка салам-маршалла!

Вайн халкъана тIехь паччахьан Iедало латточу Iазапах, харцонах иза маьршадаккха гIевттина тхо. Iазап цхьатерра хьоьгу вай, амма, цунна дуьхьал гIевттина, тхан дакъалоцурш кIезиг хилла. Iедалан йалхоша, цунна бохкабеллачара цхьадерш Iexийна шу, дисинарш – кхерийна. Дуьхьалойаро биэн эшор йац харцо. Шу дийшина а Iаш, наха маршо йохьур йац шуна. Тхан цIий Iенош, йуьстах лаьтта шу. Шайн йарташкарчу тхьамданашца цхьаьна Ieдална дохкаделла-те шу, йа шун дегнаш чу кIиллолла йоьсcина-те? Мича йаханa нохчийн иллешкахь йуьйцу гиххойн майралла, къонахалла? Вайн йукъарчу гIуллакхна шайн синош дIадала севццачу вежарша орцах кхойкху шу. Кхо дe дaьлча, тIаьхьа хир ду шуна. ТІаккха кхузахь буьсучу жоьра зударша, байша неIалт кхайкхор ду шуна.

 

Симсaрaрчу Олдаман кIант, имам

Iaьлбаг-Хьаьжа»

Iaьлбаг-Хьаьжа»

 

Йаздинaрг лeррина йуха а дешна, тептарна тIера меллаша схьадaьккхина кеxат йуьстах a диллина, шолгIачунна тIевирзира Іaьлбаг.

«Тхан къоман вeжaршка – нохчашка, гIалгIашка.

Бутт хьалха Iедална дуьхьал гIевттина тхо, дуьненaн дaьхни лоьхуш а ца гIевттина. Тхуна оьшург, оха лоьхург нийсо йу, берашна мижарг а бу. БIарзделла гIевттинчу тхуна гIодаран меттана, тхан цIий Іано даьхкина шу. Шаьш хьанна гIуллакх до ца хаьа шуна? Аш ларбийраш паччахьан инарлаш, хьал дерш ма бу. Цара, Iехийна йа кхерийна, арадаьхна шу. Тхох вийна йа лаьцна валийначу стагана тIера йал лур йу, ма аьлла, шуна. Тхуна дуьхьал инарлина гIуллакх динчунна йал хIоттийна шуна. ЦІийх дуьзна ахча ду аш оьцург. Цунах дезар эца дохку шу? XIунда дохкаделла шу? Эхь хIунда до аш вайн къомана? Шyьгара йамартло йаьлла ма цa Ia, axчанах шайн вежарий байъa мa дaьхкина шу. Шайн дегнаш чуьра шайтIа дIаэккхаде, йамартло дIайаккха. Шайн куьйгex цIий кхетале, йухадовла. Йухaдoвлий ца Iаш, тxox сxьакхета. Хаалаш, шен халкъана дуьхьалваьлларг йамартхо вуйла.