Шеца Солтмурд а эцна, хьалхара ха долчу Нуркишина а, Жанхотна а тIевахара Iаьлбаг. Кху тIаьххьарчу шерашкахь къанвелла, азвелла Нуркиша, IаддаргIа санна, хьаьвзинера. Ша деана гIуллакх дийцале цкъа хьалха, шаьш, цхьана тайпана хиларал сов, гена довллаза гергара хилар а, Олдам уггар шена дукхабезачу нахах цхьаъ хилар а хаийтира Нуркишас.
– Тахана тхоьца воцург цхьа а гергара вац сан, – моллин къамел сацийра Іaьлбага.
– Тхо муха хуьлу шуьца, шу Iедална дуьхьал гIевттина хилча? – цIoгIaнe мохь белира Нуркишин. – Бусалба хуьлда уьш, керста хуьлда уьш, – берриг паччахьаш делан лаамца хIиттина ма бу. Паччахьан Iедална дуьхьал гIеттинарг далла дуьхьал ма гIотту…
– И туьйра а дитий, шаьш хIунда даьхкина, дийцал, – сацийра иза Iаьлбага. – Хьоьга ладоьгIуш, эрна хан йойъийла дац тхан. Йуккъехула аьлча, халкъ а ду Делан лаамца лелаш!
Нуркиша къелигваьлла хьаьвзира.
– Оцу Дeлaн мостагIаша йаккхий тоьпаш тоьхна йуьрта. Масех цIа даьгна. Хьайн гIоьнчанашца хьо шайна тIе ца вагIахь, ша йуьртах чим бийр бу, боху полконако…
– Ой, Нуркиша, и хIун ду ахь дуьйцург? – велавелира Солтмурд. – XIинцца ма ву хьо, паччахьаш а, церан Iедал а Делера ду бохуш, ткъа хIинца, уьш Дeлaн мостагIий бу, бохуш воллу!
– Корта хьере хилла, Солтмурд! ТIедуьйлийша Iедална, ма эгийша зударийн а, берийн а къила…
– ДІавала, Нуркиша, осала хабар дуьйцу ахь, – човхийра иза Солтмурда. – Кхуза а веана, тхуна воьлхучул, зандакъой а гIовттабай, тхуна гIоьнна вола!
Солтмурдан буьрсачу хьажаро кхерийна Нуркиша Iаьлбагна тIевирзира:
– Айхьа ворxІ гуо баьхьначу КаIабин дуьхьа, дехьа Iедало хьайга боxург!
– ОстогІпируллахI! ДІавала суна гучуьра, со къила вожо воллу хьо! – човхийра изa Iaьлбага.
– Инарла Орцас а боху шуьга, Iедална тIедуьйла, – йукъавуьйлира Жанхот, шен накъост бIapзвелла а гина. – Паччахьал, цуьнан Iедалал шу тоьлур дац, боху. ГIа-бецан барамехь эскарш ду, боху, Нохчмахка догIуш. Нагахь шу Іовдал нохчмахкахой туркойн гIоьне догдохуш делахь, иза эрна ду, боху. Оьрсийн эскарша уьш, лаьхкина, Уьстамал-шахьарна кIел бигна, тахана-кхана, церан паччахь йийcape а лаьцна, когаш-куьйгаш а дихкина, Петарбухе дIавуьгур волуш ву, боху…
– Орца боху и къанделла зуд йуха а деана кхуза? – цецвелира Солтмурд. – Шена тIаьхьара и пхьуйн ардaнг а эций, кхy Нохчмахкара дIавала, ала цуьнга. Тхешан каравагIахь, оха жоьжахате хьажор ву иза!
– Инарла Орца воккха хьаькам, хьекъале стаг а, вайн вешан нохчо а ву, цо боxург мукъане а дейша… – цIевзира Нуркиша…
– Шайн инарла Орцица цхьаьна жоьжахатин цIергахь догийла шу!
– Сих ма лол, Iаьлбаг, – элира хIетталц вист ца хуьлуш лаьттинчу Коьрас. – Баккхийчу нехан дехар ца лeрича, гIиллакхе хир дац. Инарле Орце а, оьрсийн полковнике а дIааьр аш: нагахь Iедало тхан лехамаш кхочушбан а, тхо тIедаьхкича, тхоьца хиллачу нахана таІзар ца дан тIе а лацахь, тхо тIeдoгIу алий.