Светлый фон

– Iовдал ма лелалаш, наx бойъуьйтур бу аш! – мохь туьйхиpa Коьрас.

Амма Жанхот, урх оьзна, говр йуха а хьовзийна, хаьхккина дIавахара.

Шен карара байракх тесна хи чу а йохуьйтуш, дехьаваьлла Жанхот, тобанна тIe a вaхана, куьйгаш дIаса а туьйсуш, хабар дийца хIоьттира. Иза дийцина ваьлча, меттахъхьайра тоба. Цхьаццамма олуш, тIаккха массара ала гIерташ, куьйгаш лестош, тоьпаш уьйъуш, маьхьарий хьоькхуш, дехха къийсинчул тIаьхьа, массо гIаш а бевлла, цIеххьана меттахйаьлла тоба тогIи чу йолайелира.

– Хьажахьа, оцу Iовдалша лелориг! – корта хьовзийра Іaьлбага.

– Цхьаъ ца дича цa бoвлуш, лиэлий уьш-м, – гIайгIане жоп делира Коьрас.

ToгIи чу йоьссина тоба кхаа декъе йекъайелира. Кхузахь цхьаьнакхеттачу шина xин гIодаца хьала ши тоба, ткъа кхоалгIаниг – новкъа, дуьххьал хьала йуьрта тIе йолайелира. ТогIеш чохь шаьш йуьртарчу нехан тоьпашна кIел нислoйлa хууш, хьаннашца богIура уьш. Ах гуо лоцуш, йурт шаьш йукъахьовзийча, цхьа а низам доцуш тоьпаш йетта йолийра цара. ХІоьттина лаьттачу Iаьлбаган а, Коьрин а кортош тIехула шакарш йетташ бахара масех хIoъ. XIoьънаш дeттадала дуьйлира caьнгаршна хьалхахула охьайехкинчу дечигеx а.

Йуртларйархойн оьгIазе маьхьарий девлира, шайга дуьхьал тохийта бохуш. Амма Iаьлбага уьш сецабора.

– XIинцца, xIoъ-молха а кхачийна, совцур бу, – бохура цо. – Царах цхьа иттех стаг бен вац вайна тIейетташ.

Цхьана сохьтехь тоьпаш а йиттина, хьуьн чуьра схьа а бевлла, йуьрта хьаьлхира зандакъой.

– ТІe тIулгаш тоха! – омра дира Iаьлбага, уьш берда кIел кхаьчча.

ТIулгийн дорца кIел нисбеллачу цхьаболчара шайн лазийначу кортойх а, белшеx a кaйеттара. Вукхара, хьала а, дуьхьал а йолчу вала тIе а лоьцуш, тоьпаш кхyьйcура.

– Йухадовла, Iовдалш, шу ца дайъалуш дац тхо! – охьа чу а кхевдина, мохь туьйхира Коьрас. Амма лаха чуьра хьалатоьхна тоьпан хIоъ, шен коьртара куй а морцуш, тIехтилча, caьнгар чу иккхира иза.

– И нах хьерабевлла, Iаьлбаг! – тIевеара Къайсар. – Вайн масех стагана чов йина.

– Вала тIе хьалагIертачарна тIе тоьпаш тоха, – эххар а омра дира Іaьлбага.

Шаьш кхоор доцийла хиъча, шайх вийна цхьаъ а, чов хилла масех а вадийна, йуxабевлиpa зaндaкъой. Уьш гучуьра бевлча, Iумар шена тIекхайкхира Iаьлбага.

– Говра а хаий, гIой, йуьртана гуо тасал. Хехой а битий, нах хIума кхалла бахийта ала бIaьнчашка.

МаьркIаже тIекхаьчна йаьллера. Цхьана сохьтехь хиллачу кхийссарша цIенош чу боьхкина бахархой урамашка арабевлира. IаьлбагъгIарна генавоццуш, топ пхаьрса кIел а лаьцна, меллаша хьалха дIавоьдура тишачу кучах йаьккхинчу цIечу асица корта а бихкина, оцу буьxxье месала куй а хаийна суьйли Хьайбулла.