– Чов вуон-м йац? – хаьттира, шаьш тIекхиъча, Iаьлбага.
– Вуон бац, – куьг ластийра Хьайбуллас. – Лерг бохийна. Толур бу.
Пхьор диъна, шаьш пaргIатдевлча, кханeнaн гIуллакхаш дийцаре дан буьйлира доттагIий.
– Тховса ца латахь а, кхана эскар тIелетар ду вайна. Ха ца чIагӀдича дер дац, – элира Коьрас.
– Буьйсанна схьагIертар хир бац уьш.
– Хьанна хаьа. Дагахь доццург ма леладо цара.
– Суна хетарехь, вайх къинхетам бан ойла йац-кх церан, – элира шен йоьхна неIармача летош воллучу Къайсара.
– Къинхетам? – схьавирзира дехьахь, жaйнaш кегош, цхьаъ лоьхуш воллу Іaьлбаг. – Нагахь бертахь йа бертаза карагIахь, цхьадолчарна кийчча тангIалкхаш йу, бисинчарна – Сибрех. ГIаттаман тхьамданашна бохий ас-м.
– Дала хьеха, – оьгIазе йу таӀийна, мачин эвнех Iуьрг эккхийтира Къайсара.
Гоьла тIе баьккхина ког ловзош, аркъалтевжина Iуьллу Коьра охьахиира.
– XIумма а дац, кIентий! Харцонца къyьйсуш Іанийна цIий цкъа а эрна ца дов. Къийсамо, мел кIезиг эшийна а, харцо эшайо. Дийна висинчунна, миэлла йаьлла а, маршо йалаза йисац.
– Хаац, шеконе гIуллакх ду дан-м.
– Духур дац вай. Хьанна хаьа, вай ца къарлойла хиъча, ша Іyьйду къамкъарг жимма малйаза Iийр дац Iедал, – когаш чучча а бохуьйтуш, Коьрина улло охьахиира Iаьлбаг. – Ткъа, ваьшна тIехь дин-динарг ловш, таьIна Іахь, садукъийна, дойъур ду.
…И буьйса набарза текхира гIовттамхоша. Амма оцу буса а, йа шолгIачу дийнахь а гучу ца йелира Зандакъана тIехула сецна Григорьевичан отряд. ШолгIачу суьйранна гIовттамхойн разведко хаам беара, иза шен отрядца Кешана-гIопе йухавирзина аьлла. Атталла зандакъошкара амалтана нах а ца буьгуш. Схьахетарехь, подполковник тешна вара шa зaндaкъой хаза кхоччуш кхерийна хиларх. Оцу тIехь цуьрриг а гIалат а ца ваьллера иза. Цхьана тайпанах шина йуьртана йуккъexь xиллачу дeвнo a, cтаг веро а кестта йолчу ханна барт хуьлучуьра баьхнера уьш.
* * *
БIаьрзе Хьамзат а валош, урамехула йуьртан йуккъерчу майдана догIура бераш. Хьамзатан карара гIаж лаьцна, хьалха вара Марван. Майдана кхаьчча, наной схьакхайкха бераш дахийтира Хьамзата. Дукха хан йалале цигахь гулйелира зударийн къорза тоба.
– Наной! – мохь туьйхира Хьамзата, шен бIaьрзе бIаьргаш царна тIexула генна а боьгIна. – Дика ладогIалаш. Ас цхьа-ши илли олу шуна.
Хьамзат дIасахьаьжча, цуьнан дагахь долчух кхеттачу Марвана керта уллорчу гула тIе охьахаийра иза. БIаран дечках бина пондар кара а лаьцна, дуткъачу мерзех пIелг тесна, цкъа-шозза лерг а хьовзийна, тобира цо. ТIаккха, йайн йовхарш тоьхна, бIaьргийн негIарш тIе а хьабдина, Адин Сурхох илли долийра.
…Хьийзабора эло Мусоста цхьана йуьртан тхьамданаш. Церан махка тIе йурт йиллина ца Iаш, йохура цаьргара тIехь йоцу йасакхаш. Дехарш дора йуьртан тхьамданаша эле Мусосте: