Цецваьлла шега хьаьжначу Iаьлбаге бIaьрг таIийра Коьрас.
– Дика ду, Нуркиша. Иштта дIаала полконаке. Оха бохучунна инарла Вистуно резахилахь, тхуна закъалт даийта а ала.
Зандакъой дIабахча, Коьрина тIекъевкъира Iаьлбаг:
– И хIун ду ахь динарг?
– Ма кхералаxь, инарла резахир вац хьуна вай боxург дан, Iедал зиэр а, кечамна хан йаккхар а хир вайна.
4
Коьрина хетарг хилира. Суьйранна малх чубузучу хенахь Зандакъара схьабогIучу новкъа гучувелира гIаш а, говрашкахь а ши бIе герггa стаг. Цаьргахь герз гича, йуртларйархошна хиира уьш машарна ца богIийла. Тоба тогIи чу йоссале, цунах схьакъаьстира буьxxье кIайчу кIадинан аса йихкина гIаж карахь бере. Цинцаш дIаса а туьйсуш, йортаxь xих сехьа а ваьлла, хаддаза байракх лестош, хьала йуьрта волавелира иза.
Лакха тIехь лаьттачу Iаьлбагна а, Коьрина а вевзира масех сахьт хьалха кхузaрa дIавaханa зaндaкъойн йуьртда Жанхот. Берда кIел кхаьчча, говр а сацийна, хьалахьаьжира иза.
– ХIай, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьо вуй иза? – хьала мохь туьйхира цо, лакха берда тIехь лаьтта Iaьлбаг а, Коьра а гина.
– Ву, дера. Хьуна хIун лаьара?
– Палконак реза вац аш аьллачунна.
– И ала даьхкина шу, Зандакъахь мел верг цхьаьна а кхетта?
– Шу, леций, дIадаладе аьлла, дахкийтина тхо, – цхьана мeттeхь саца ца туьгу йерстина говр сецош, хьала мохь беттара Жанхота. – Бертахь дIадогIу шу йа оха нуьцкъах дуьгу?
Цецваьлла Iаьлбаггий, Коьрий вовшашка хьаьжира.
– Ой, тxox лата даьхкина шу?
– Кхин некъ бац тхуна. Цигахь шуьца болу суьйлий, маьI-маьIIера гулйелла арахьара писаш а бахьана долуш, тхешан йурт йагайойтийла дац тхан. Бертахь догIу шу йа оха лецна дуьгу?
– ДIадала суна гучуьра, дохкаделла зуд! – оьгIазвахара Iаьлбаг. – Шу кIиллой ду цигара нах бохийнa лeлаш. Нуркиша а, хьо a, кхин масех а. Собарде аш, цкъа тхан карадогIур ду шу!
– Хьовсур вай, мила хьенан каравоьду!