Готтачу урамо голатухучохь, гранато даьккхинчу урана йисттехь, кхиазхочун а, тамашийна хьажар долчу воккхачу стеган а декъий Iохкура, тIамарш йаржийна. КIeнтaн караxь йуткъа, шера стовн гIаж йара, ткъа стеган мара къевлина – дечиг-пондар. ТIe a вaхана, бIаьрг ма-туьйххи хиира Абросимовна пондар марахь берг – бIаьрзе илланча, ткъа важа кIант – изa дIасaлeлориг вуйла.
Циггахь хаьддера жимачу Марванан а, бIаьрзечу Хьамзатан а маршонeхьа къийсам.
Йурт йагайоьлча, штаб-квартире йухайирзира отряд.
5
Командующи резавацара операцин жамІашна. Суьйранна Кешанехь отрядийн начальникаш а гулбина, Батьяновна тIера дIаволавелла, массарна а барт биттира цо.
– Со кхеташ вац ахь лелочух, полковник, – Батьяновна тIекъевкъира иза. – Ши-кхо де хьалха ду-кх, Салатавехь дерриг а дика ду бохуш, ахь суна чIагIонаш йеш. Хьайн мера кIел хуьлуш дерг ца галла бIaьрзе ву хьо? XIун деш бу хьан лазутчикаш? Хи чу туьйсуш ву хьо айхьа цaрнa лo axча! Диламна тIе а ца воьдуш, новкъара йуха хIунда вирзина хьо?
Стоьла тIе бIаьргаш боьгІна, хьаьжайукъ а хабийна, собаре ладоьгIура Батьяновс. Селхана Салатаве йина экспедици кхиамза чекхйаьллера цуьнан. Бакъду, ТургIан-гIап цIе йолчу ломахь чагIвелла Iаьлбаг, кхузза штурм йича, цигара дIаваккхавелира цуьнга. Амма пайда барий ткъа, отрядера ткъех стаг вийна а, дукханна а чевнаш йина а хилча? ТІe, кхидIа хьалха ваха а ца ваьхьна, хIара Акхташ-Эвла йухаволуш, цхьана минотана а синтем ца хуьлуьйтуш, тIейетташ валийра изa Iaьлбага. Батьяновс шен толам бу бахахь а, хаза кхоччуш эшам бара иза.
– Сан кIезигчу ницкъашца хьалха ваха кхераме дара, хьан локхалла, – бехказвала гIоьртира иза. – Мятежникашна шера хаьа вай дIа мел боккху ког. Некъашца, хьаннаш йуккъexь кIелонаш а йой, йуxxера тIeйeтташ, вайна даккхий зиэнаш до цара…
– Ткъа хьуна хIун моьтту? Вай Iаламе сакъepa aрaдeвлла моьтту хьуна? – ТIаккха Самойловна тIевирзира иза. – Ахь хIун олу, полковник?
Самойлов везза хьалагIеттира.
– Хьан локхалла, со реза вац вай схьалаьцначу тактикина, – элира цо, жимма ойла а йина. – Симсара а, Байтарке а эрна йагий вай. Вайн къизалло дарбийр бу кхечу йарташкара бахархой, гергарлонаш а ма ду царна йукъахь. Оцу шина йуьртан доьалгIа дакъа нах а ма бацара мятежникех дIакхеттарш. Ткъа вай къеначарна а, зударшна а, берашна а таIзарш до. Шайна зударшций, берашций тIом бан лаац бохург хазийна салташа а…
Командующис сацийра Самойловн къамел.
– Схьахетарехь, полковник, хьан а, оцу салтийн а ойланаш цхьаьнайогIу-кх, – забар йечуха Іоттар йира Свистуновс. – Цуьнан Воккхалло Императоро соx тешийначу областeхь тахана хIоьттинчу хьоло кхерамна кIел хIоттийна Закавказьера фронт. Хьалхарчу деношкахь аш ледарло ца йинeхьара, господа, хIара ун ДегIастана даьржина хир дацара. Ткъа хIинца цигара мича даьржар хаац, Ша Дела воцчунна. Мятежникех дог лозуш салти хаалаxь, уггар луьра таІзар де. Тоьпаш тохарна тIe xІотталц. ХIара тIеман зама йу, господа.