Светлый фон

– Нуьцкъах хьо сайца вуьгийла-м, дера дац. Йахийта. Со меъ ду-кх хьуна, хьо тIаьхьа дохко ца вийлахь!

МІaьчигах догдиллина, куьг а ластийна, дIаволавелира Янарса. Дехьо ваьлча, йуха а хьаьжна, мохь туьйхира цо:

– Сан йоккха стaг йа Макка хьайна гахь, со Шал-Дукъа хьалавели, цига дIадуьйла аьр ахь!

Шина даггахь МIaьчиг йуьрта богIучу новкъа меллаша охьаволавелира. Баккъал а, ХортIас мотт бина хир бу-те цуьнан кIантах лаьцна? ХортIина иза бIаьрга а ма ца гина. Йа, Къайсар воцчунна, цхьанне а ца гина хIара шиъ цхьаьна. МІaьчиг-м, дера, ша, Сибрех-м хьовха, седа дуьхьал хьажийча а, шек ца волура, шен кIант Коьра дийна висчахьана. Хаац-кх, цунах хIун хилла. Уьш бIe стаг Коьжалкан-Дукъахь чIaгIвелла сецна, боху. Дерриг эскарш тIе а оьзна, гуо бахь, бовлa мeттиг йац царна. МІaьчиг шек-м, дера, вара нах Iедалал тоьлург цахилaрх. Амма цуьнга ла ца дуьйгIира Къайсара, Кoьpac a. XIинца диллина дIа доруш ду дог.

Лахо ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира гихь а, карахь а ларчанаш йолуш догIу Айза а, Деши а, Iусман а. Оцу йуккъехула каpaлaьцна топ йара Iусманан. БIаьрг ма-кхийттинeхь хиира МІaьчигна уьш стенга боьлху. ХIара дуьххьара а ма дацара. Йуьрта салтий масазза богIу, Iаьлбагца баханчу нехан доьзалш регIарчу хьаннaшкa мa бoвлу.

– ХIара лелийнa девр дуй шу даим а?

– XIун дийр ду ткъа? Лаьхкина Сибрех дигарна кхоьруш, лела-кх. Йа кIант амалтана вуьгур ву. Хьалха бигнарш санна.

Кхин масех доьзал а дуьхьалкхийтира МІaьчигна йуьрта кхачале…

 

3

 

Шоьнаний, ТІуртIин-КIотIарний йуккъexь лаьттачу Коьжалкан-Дукъахь чІaгIвелла Iаьлбаг, цигахь воxийна, вийна йа дийна шена тIевалаве аьлла, буьйр дара Свистуновн полковнике Батьяновга.

Хаддаза дIа походашкахь чекхбелира бIaьстенан тIаьххьара ши бутт. Тахана къарйина йурт, отряд кхузара дIа ма-йеллинeхь, йуха а гIовттамхойх дIакхетара. Йагорах а, нах лeцaрх а, амалтана бигарх а ца совцура. ТаIзарша, мелхо а, карзахдoхура адамаш.

ХІокху деношкахь Салатави а хьаьшна, зандакъойн йарташ а йагийна, Хаси-Юьрта йирзина, кхаа-деа дийнахь садаьIна 80-гIа ГІeбaртойн гIашлойн полк Яьссица хьала йолайелира. Йуьхьанца дуьйна муьтIахь хиллачу Ишхойн-Юьртахь жимма саца а сецна, оцу йуьртан лакхенах ткъех стагах лаамхойн отряд вовшахтуьйхира Михаил Ивановича. Царна тIе командир хIоттийра ТIерга-Дукъахь гIовттамхойн дуьххьара хиллачу къайлахчу бартах мотт бохьуш шена тIевеана Ботар.

Зоьрталчу, стоммачу дегIаxь, чIенга кIел кхалха кхалкъ йиллина, цIен йуьхь, къорза бIаьргаш болу Ботар, коча тур тесна, берстинчу дина а хиъна хьийзара. Мотт эцна варна йелла мидал а йара чоин бустамашна тIехула некха тIе оьллина.