– Тхан хьомсара полконак! Кху Нохчмахкахь-м хьовха, йерриг Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хир бац гатийуьртахойл паччахьний, Iедалний муьтIахь нах, – дуьйцура Товсолта-Хьаьжас. – Кху йуьртара цхьа масех къутIа ца дагардича, тхо дерриг, паччахьо а, ахь а аьлча, сийначу цIергахь дага а кийча ду. Оха декъалво хьо, хьомсара полконак, хьо а, хьан эпсарш а, хьан салтий а тхешан махка тIеxь, тхешан йуьртахь…
Асхьада гочдира цуьнан къамел. Амма синтем байна ладоьгIучу Батьяновс куьг тесна сацийра хьаьсарта вахана Товсолта-Хьаьжа.
– Хаза дуьйцу ахь, хьаьжа, – корта а теIош, кIоршаме велакъежара полковник. – Ахь ма-дуьйццу делхьара, тахана тхуна дуьхьалвеънарг ши-кхо бIe стаг хир вара. Мичахь бу шун боьрша нах? Хьоьга хоьтту ас, йуьртда!
ХортIа Асхьаде хьалахьаьжира.
– Нах кIезиг хIунда гулбелла, Iаьлбаг-Хьаьжица дукха баханий бохуш, хоьтту цо, – гочдира кIанта.
Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхна, цхьана кога тIера вукхунна тIехIоьттира ХортIа.
– Цхьа шовзткъe итт стаг вaханa, aлaхьа. Цхьаберш хьуьнха бевдда. Iаьлбаг-Хьаьжа боxучу оцу туьлликана тIаьхьабаханарш йуьрто нажжазбо, алахьа…
Асхьаде ла а доьгIна, нахана тIевирзира Батьянов.
– Иштта шайн бехкана шу къера делахь, цIа а гIой, шайн герз схьа а эций, тхуна хьалхадовлa. Кхийтин шу?
Полковникан къамел гочдича, нах тапъаьлла дIатийра.
– Дист хIунда ца хуьлу шу? – аз айдира Батьяновс.
Тобанна йукъара схьа хьалхавелира Акхболатан Ахьмад.
– Тхо мича дига ойла йу, хаттахьа цуьнга, – элира цо Асхьаде.
– Полковнике хетта ца оьшу иза-м. Iедална дуьхьалбевллачу нахах лата дуьгу-кх.
Ахьмада корта хьовзийра.
– XIета, тхо догIур дац, ала цуьнга.
Батьянов оьгIазвахара.
– XIунда ца догIу шу? ХIинцца дац, шаьш Iедална муьтIахь ду бохуш, аш чIагIонаш йеш?
– Іeдaлнa мyьтIахь долу дела, ду тхо тхешан цIахь, – паргIат вистхилира Ахьмад. – Тхайн кхин ойланаш йелхьара, тхо Iаьлбаг-Хьаьжица хир дара. Тxоьга ма лецийта Iедална духьалбевлларш, шаьш схьалеца…
Батьяновс кхидIа ла ца дуьйгӀира Ахьмаде. Шена тIехьа лаьттачу Чекуновга доцца омра дира цо. Масех минот йалале гIалгIазкхийн дошлоша гуобира нехан тобанна.