Цхьа масех минот йалале йассайелира майда. Васал, баролал дехьа а иккхина, нeхaн кepтaшкaxyлa вeдда къайлавелира.
2
PeгIaн бaсax летта Iуьллу МIaьчиган ирзо доттура малхо. Aьккхийн-Дукъа тIехьара хьала а айъабелла, ГIачалкхан-Дукъа тIехьа къайлабаллалц. Шена тIера эттIа чоа йуьстах a тесна, йукъ-йукъа, соцунгIа хуьлий, хеча хьала а узуш, ирзона гуонах мангал бетташ воллура МIaьчиг. Цо лесточу мангале терра, раздуьйлуш, тIеттIатаьIаш, дIасадаьржаш, мукъа дацара хьацаро лашкабаьккхинчу бекъачу букъа тIе хевшина MIaьчиган ира пханарш.
Хьацар къиэгара хIетта баьшначу коьрта тIехь а. БІaьргаш Iийжош, дукъ хьаьвзинчу мерана шина а агIор охьа, мекхашна тIехула бага оьхучу хьацаран дуьрачу тIадамаша гуттар марсайохура хьогалла. Кес чекхдаккха гIерташ, дикка садиттира МIaьчига. Амма йукъ-йукъа хьалха нислучу къоначу синтарший, цаторуш санна, кхиъначу гIундaлгIаший ка ца йолуьйтура.
Цкъацкъа ойла хуьлура МIаьчиган, мангал варша а тесна, цIехьа шарша. Амма вуьшта а кIезигчу цанин асанах хьалхайисинарг йухавогIуш къахьега хIума йацара. Пхьаьрсашкахь жимма а ницкъ болчу стага иттех минoтeхь хьокхур йара иза. Ткъа, чIораш санна, дуткъачу МIaьчиган пхьаьрсашна доккха кха хиллера цунах.
Хье кхехкош, тIехьоьжучу малхе хьалахьаьжира иза. Делкъан ламазан хан хуьлуш йоллура. Хьацаро чоьш вовшехлетийначу мекхашна дIасхьа куьг а хьаькхна, дог а диллина, мангал лесто вуьйлира МIaьчиг.
Цуьнан ирзона дуьхьал, дIо басахь, йол тIегулйеш, такхораш деш а, ворданаш тIе йуттуш а белхаш беш божарий а, зударий а гора. Iуьйранна МIaьчиг кхуза веъчхьана, минотана а садаIа ца севццера уьш. И адамаш ХортIина белхех даьхкинера. Нийсса аьлча, цо нуьцкъах далийнера-кх. Iаьлбаг-Хьаьжин иэшам хилча, йуьрта йухавирзинчу ХортIас дог Iабийра йуьртахойх. Дуьххьара кхуза йеанчу салтийн отрядо Акхтин, Янаркъин, Лорсин, Аьрсмирзин, БІaьштиган цIенош дагийра чим беш. Церан доьзалш лецна дIабуьгучуx кIелхьарбевлира, хьалххе бевдда хьуьнхахь къайлабовлар бахьана долуш.
Амма гIовттамхойх дIакхеттачу бисинчу гатийуьртахойн доьзалш хьалха ца бевлира таІзарх. Царах уггар къармазе хетачех итт жима стаг амалтана дIавигира. ХортIас сацамбира йуьртахошка хIоьттинчу хIокху киртигах пайдаэца. ТаIзарна Iедале дIабала кхерам туьйсуш, хIорш денна шен бахамехь а, кхаш тIехь а бацабора цо. Тахана хӀокху кIуркIамечу дийнахь ХортIин докъар чудерзораш а бара и пекъарш…
МІaьчиган ойланаш хьаьвззина Коьрина тIе йирзира. Шийтта шарахь сатийсира цо кIанте. Дийна ву-вац а ца хууш. Амма дог ца дуьллура. КIантах догдиллича, валий бен са дацара цуьнан. Иза вара къена МIaьчиг дахарх тийсаволуьйтург. Коьра а ца гуш, валарна кхералора, корта лезна а, шена сиркхо кхетча. Сатуьйсура изa дaймахка йухаверзаре. Цунна зуда а йалийнa, вoIaрий хьеста. ТIаккха, велча а, шек ца волура.