Светлый фон

– ХIара нийсо йац, полконак! – мохь беттaрa Axьмада. – Тхо машаре нах ма ду! Тхан йарташна, тайпанашна йукъа мостагIалла дожо гIерта шу…

КхидIа Ахьмада аьлларг ца хезира МІaьчигна. БІaьргашна тIейеана йеха, йуькъа бора кIужал йолчу гIалгIазкхичо, тIе говр тоьхна, йуьстахтесира иза. ТIexьа лаьттачу Жаьнтамарна тIекхетаро ирахь а сацийна, расхачу динан баьллачу баккхийчу когаш кIел ца воьдуш висира. Цхьа масех стага, дений, нанний хьежош, говраш тIера охьа а ийзош, дуьхьало йира гIалгIазкхашна. Шен йерриг майралла а, ницкъ а тIегулбинчу МIaьчига а, ластийна, чоже буй балийтира цхьанна, амма вукхо чІaпaнeхьа коьртах тоьхначу туьро, бIaьpгex суйнаш тосуьйтуш, можа бIагор баийтира цунна. Циггахь шен майраллин а, къонахаллин а Іaьциг йуьстах а кхоьссина, йехий гIулчаш йохуш, хьалхахьа йорт ийцира МІaьчига.

Эвла чу воьлча, йухахьаьжира иза. Полковникна тIаьхьа ишхойн дошлошна йукъахь цунна гира ХортIа, Товсолта-Хьаьжа, шайн йуьртара кхин масех а.

Дошлойн гуонна йукъахь йуьртахой а, тIаьхьайогIуш эпсарийн тоба а, салтийн бIo a гича, кхерабеллачу зударийн маьхьарий, цІогIанаш девлира. Йуьйцинчу кертех кIомсарш йетташ, дера лиэтара жIaьлеш. Шайн кетIахула чекхволуш, МІaьчигна гира, цхьана куьйга тишачу, Iаьржачу корталин тIам бете а лаьцна, ши бIaьрг къаьрзина, зIарехь лаьтта шен йоккха стаг Iайшат. Шена са ма гaтде аьлла, мохь тоха ойла хилира цуьнан цкъа. ТІаккха а сацавелира, уллорчу нахах эхь хетта.

«Мича дуьгу-те, дига мукъане а?» – ойла йо МIaьчига. Хатта меттиг а бац. Хаьттича, жоп дала стаг а вац. Доьхна гIуллакх ду-кх…

 

4

 

Салатавера йухаваьлла Iаьлбаг, винчу хьаннашкахь ца соьцуш, Зандакъ-Араний, Гендарганний йуккъера кордонан зил а хадийна, Сесанхула чу а воьссина, Яьссин аьрру агIонна тIе велира.

Цуьнан ойла йара, хIуъу халонаш хедийна а, Хулхулол дехьа а ваьлла, Басс хица йолчу йарташка восса. Цигара бахархой гIовтто Iабдул-Хьаьжиний, ТангIайний гIоьнна Болат хьажийнера цо.

МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь а кхиам хилахь, цуьнан догдохийла йара гIаттам Органан лакхенца баржо.

Амма Свистуновс хьалхейаьккхира хIинца а. Iаьлбагна лаьмнашкий, йуxaнeхьа Симсаран хьаннашкий доьлху некъаш къовла сихойира цо.

Шен жимачу тобанца хIинца кхозлагIа гуонна йукъа хьовзийра Iаьлбаг. Коьртеxь полковник Авалов а волуш ДаьргIара охьайогIу отряд доккхачу декъана ДаьргIан, ЦІоьнтаран, БелгIатан, ГIоьрдалан йарташкарчу бахархойх вовшахтоьхна йара. Цуьнан декхар дара, ГIоьрдалахула охьа Шоьна а йеана, цигахь позици лаца.

Эртан-Коьртера схьайолайелира Курински полкан шиъ ах батальонах а, ламанан батарейн взводах а лаьтта подполковникан Кнорринган отряд.