Светлый фон

Шегара даьллачу зуламо дог дохийнa MIaьчиг, мангал бIaьллинган бурсанечу кoндaршна йукъа а боьллина, шен чоа тIе а кхоьллина, йаьсса чІyьжалг кара а лаьцна, Iаьрчхе чу охьаволавелира.

Адам хир дац аьлла хета меттиг а къастийна, чхара тIе чоа а кхоьссина, бертал воьжна, Iаббалц хи мелира МIaьчига. ТIаккха, тIулга тIе охьа а хиъна, ша санна шийлачу хи чохь, вовшехъхьекхош, когаш ловзо хIоьттира иза. ТIулгашна йукъахула, хьийзаш, тIехула кхийсалуш, чехка догIучу сирлачу хино, дегIе ницкъ луш, дог йуха паргIaтдaьккхира цуьнан. ГондIа адам дацарх тешна, цхьа йуьхьиг озийна, хуьнжар а даьстина, хеча охьа а йoжийна, боккхачу чхара кIел хIоьттинчу айми чу а ваьлла, канашца схьаоьцуш дегIах хи а хьаькхна, кIез-кIезиг лахлуш, хи чу вуьйлира иза.

Дикка чукерчаш а Iийна, хьалаваьлла, шен беркъа барзакъ тIе а оьзна, ламаз эцна, бай болу меттиг лeхна, къилбехьа а вирзина, ламазна дIахIуттушехь, лакха гу тIера схьа Расун мохь хезира цунна.

– Ва-а-а нах, чехкка йуьрта дуьйла! Йуьртдас ХортIас цIа кхойкху шу! Полконак вогIу, боху! ЦІа ца веанчунна таІзар дийр ду, боху!

Цхьадолу дешнаш кег а деш, сиxдина, мухха а ламаз чекх а дaьккхина, Iинца хьала некъа тIе хьаьдира МІaьчиг. Новкъа ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира сихачу болaрахь, хьацаран кIур хилла, регIехьа хьалавогIу Янарса.

– XIун ду хилларг? – xaьттира МІaьчига, чоин ветанаш дIа а духкуш.

– Салтий бу йуьрта богIуш!

– XIинца хIун до цара?

– XIун дара-дацара ду церан? Диканна ца богIу. Схьахетарехь, нах леца бохку.

– Ахь хIун до?

– Шал-Дукъа воьду-кх.

МІaьчиг цецваьлла хьаьжира.

– ЦІa цa вeaнчунна таІзар дийр ду, ма боху ткъа?

– ДIаваьллахь! – куьг ластийра Янарсас. – Уьш-м бевзара вайна. Ахь хIун до?

– Йуьрта воьду со-м.

– Хьо гIаз цига йаха там а, дера, бу. Вайшиннан кIентий Iaьлбагца хилар дицделла хьуна? Гучу ма-веллинeхь, хьовззийна схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Цул, суна тIаьхьахIотта хьо.

– Сайниг вуйла царна муха хаьа?

– Делхьа, ма воккха тIантIалш ву-кх хьо, ван-м ткъа! ХортIина хиъча, ца тоьу хьуна? Цо-х иза Петарбухе дIакхачийна хир ду.

МIaьчига ойла йира.

– ХIан-хIа, Янарса, со ца вогIу. Къеначу вайх хIун до цара?