Светлый фон

ХIара Россин йистош дIалецар халкъан дуьхьа ду, ма боху правительствос. Оьрсийн мохк шорбан, пачхьалкх чIагIйан, хьал дебо, халкъ аттачу даккха. Оцу йистошка хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ а боьлху. Хьалхарниш – туземцаш бакъдине берзо, шолгIаниш – мохк дIалаца, кхозлагIниш – церан махка тIехь баха ховша, йа, вуьшта аьлча, цигахь Iедалан бIогIамаш хила.

Бакъду, и дIалоьцу мехкаш халкъан аьттонна бу бахахь а, амма кхузахь Iедал а, хьал а инарлийн, помещикийн, чиновникийн карахь дуьсу. БIе эзарнаш салташа-муьжгаша синош дIало, ткъа паччахьан а, цуьнан гIеранийн а кисанаш дешех дузу. Иза а хаьа колонисташна. И хьал а, Iедал а шайца нийсса доькъур доцийла а хаьа. Амма Россин губернешкара кхуза кхалхийначу колонисташна а кхочу жим-тIама хIума. Россехь латта а, сискал а йоцуш, къелла къикъвоьлла Iийначу муьжгичунна кхузахь латта ло. Иза Iедална муьтIахь хирг, кхузахь туземцашна тIехь Iедал латто цо гIо дийриг. Россехь йукъараллин массо чкъурана бухахь ведвина лаьттина муьжги хIокху колонехь, туземцашна тIе а хаавой, цхьа тIегIа лакхавоккху. Килсехь а, зорбанехь а, исправнико а, полицейскийс а – массара а хIор а денна, йух-йуха а олуш, цунна карладоху: кхузарчу муьлххачу а туземцел хьо лакхара хилар ма дицделахь, кхузахь хьо Iедалан орам бу, кхузахь вайн Iедал дожахь, хьайн бахамах а, йукъараллин хьолах а вуху хьо, варийлахь, даймахкана, килсана, паччахьан Iедална муьтIахь а, тешаме а хилалахь.

И зурма хьех а, тIамарх а йоьлларш а бу оцу тобанна йуккъехь. Уьш тийна ладоьгIуш Iа. Цара маьхьарий хьекхац.

– Вежарий! Аш кхузара дIалоьхкучу господаша маьхьарий хьоькхура: нохчий хIокху махкара дIабаха беза бохуш. Цаьрга-м алийтийша, царна-м хIуъу дийцича а эхь дацара. Амма изза дешнаш хезна суна вайн вежаршкара а. Иза ду новкъа. ХIара мохк нохчийн буйла ца хаьа шуна? Ткъа шаьш кхуза даьхкина йа далийна, уьш дIа а теттина, уьш къийбина, церан мехкан дега йуккъе охьахевшина хилар хIунда дицдо аш? Нийсса элира оцу дIогахь лаьттачу муьжгичо: шаьш нохчашца цхьана лулахь ваха резавоцург ша схьавеъначу дIагIо! Вежарий! Ла ма догIа харц эладитанашка! Шайн маршонехьа, нийсонехьа гIевттинчу нохчашна гIоьнна гIовтта! Йетта вайн массеран а цIий Iуьйдучу хьаькамашна…

Васалан и кхайкхам йукъахбаьккхира гIалин Iедалан омрица урамехула хецна говраш хаьхкина кхузахьа богIучу гIалгIазкхаша. XIинццалц салташций, гIалгIазкхашций галморзахаллаш ца хилла нах шекбоцуш лаьттара, цаьрга а хьуьйсуш. Цул сов, xIoкху баттахь гIалин урамашкахь гIалгIазкхий дуьххьара ца гора царна. Амма дошлой, дIаса ца хьаьвзаш, кху тобанна йукъалилхирa, aьтту, аьрру агIор шодмаш лестош.