Михаил а валош сихха схьавеара Юсуп.
– ГIуллакх муха ду, Мишка? – xaьттира Iаьлбага.
Михаила, буй бина, нана-пIелг хьалалeцира.
– Иштта ду, имам!
Iаьлбаг гIайгIане велавелира.
– Вай-м кхоьручех дац, Мишка! Амма эрна валар сонталла йу, гIуллакхаш, шуна ма-гарра, дика дац, Элса. Кхалха гуо лоцуш бу вайна. ТIом болабала цхьа-ши сахьт дисина. Суьйранна цхьа а дийна вуьсур ву-вац, хаац, кхузарчу кхаа бIe стагах. Гуо хадийна, гIур-м дара, амма – мича? Даха меттиг бац. ЦІера доьзалш, лиэцна, хьийзор бу, тxo Ieдaлaн карадаххалц. Тхоьга хьоьжуш Iожалла йу. Йа кху ломахь, йа тангIалкхаш кIел, йа шийлачу Сибрех. Ткъа шуьшиъ, тхан ши ваша, тIаьхьадоцучуьра, дIагIо. Накъосташа БIaьн-некъана кIел воккхур ву шуьшиъ. Росси доза доцуш йоккха йу. Геннахь, цхьанхьа оьрсашна йукъахь къайлавала. Шуьшиъ тхоьца хиллий хуур дац цхьанне а. Тхох доглазарна, тхуна вошалладарна, гIодарна баркалла шуьшинна. Оха и цкъа а дицдийр дац.
Юсупа гочдале кхийтира Елисей Іaьлбаган къамелах. Цкъа кхоьлира цуьнан йуьхь, тIаккха ийзо йуьйлира, эххар а ши бIaьрг хих буьзира.
– Бехк ма биллалаxь, Iаьлбаг… Халонах, Iожаллех кхеравелла дац хьуна хIара… Кху цхьана-шина баттахь шу чIогIа дезаделла суна. Вежарел а тIех. Михаилан цIарах а олу ас. Тхойша цIеххьана ца ваьлла шуьгахьа. Йехха ойланаш а йина, ваьлла. Халонаш хир йуйла а хууш, лийр вуйла а хууш. Россе вaхна, цхьанхьа лечкъина Iойла ма дац тхойшиннан. Цигахь а бу хIарра къийсам. Масех бIe шо хьалха дуьйна схьа. Муьжгий гIовттуш, Iедало уьш бойъуш, Сибpex xьийсош. Цигахь хилча а, хир вара тхойша къийсамхойн могIарехь. Кхузахь шуьца хилча а, цаьрца хуьлу. Башхо а йац. Вай массара а ловш дерг цхьа Іазап ду, вайн массеран йукъара мостагIий паччахьаш а, хьоладай а бу. Вай массеран а Iалашо – маршо йу. ХIан-xIa, Iaьлбаг, шух къаьстар вац тхойша. Хирг цхьаьний хир вайх.
Юсупа къамел гочдича, Iаьлбаг хаттаре Михаиле хьаьжира.
– Сан доттагІчо Янкас ма-аллара: «Маршо йа Іожалла!». Кхин некъ бац, – жоп делира Михаила.
Iaьлбагна хиира, дехаршдар а, къийсар а эрна хир дуйла. Ши oьрси роггIана мара а къевлина, цаьршиннан белшаш тIе куьг тоьхна, вист ца хуьлуш басах хьалаволавелира иза.
Цхьа хан йелира бухахь бисинарш бист ца хуьлуш.
– Майра кIант ву вайн имам, – элира Елисейс, Iаьлбаган букъ хьуьна чухула дIатилча. – Со теша, хIинца а цо толамца вай кIелхьардохург хиларх.
– Дала мукъалахь!..
Шоьнан агIорхьара схьа дукъа кIел шиъ-кхоъ топ йелира. XIoкху агIонна тIехь дeтта дагарш севцира, кIез-кIезиг совцуш.
– XIун хилла-те? – хаьттира Юсупа ша-шега, тIаккха, лакха хьала а вирзина, мохь туьйхира: – Во-о Янаркъа!