Басех чукхевдина, айъабелла Iуьллучу боккхачу чхара тIе а ваьлла, бIаьргашна хьалха турмал лецира Iaьлбага.
– Вайнах бу. Хьалха – ши эпсар. Схьахетарехь, Чомакх а, даьргIaхойн пурстoп а.
– Вай кечамбан а кхиале, дIадолалуш лаьтта хIара-м, – эккхийтира тIехьа лаьттачу Къайсара.
– XIумма а дац. Эскарш кханий бен кхочур дац кхуза. XIетале кечамбан кхуьур ду. Же, ма Iелаш, кIентий! Солтмурд, ваьлнаш дар дIaдoладе. Къайсар, ахь Тозуркъа сихха йарташка хьажаве. Коьра, хьайна ма-хетта, тIемалой дIанисбел. XIор а бIaьне шайн-шайн мeттигаш тешамболлуш чІaгIйайта. Же, ма Iелаш!
– Сайн суьйлашца со уггар кхерамечу метте хIоттор доьху хьоьга, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Мусакхайс.
– Баркалла хьуна, Мусакхай. Кхераме йоцу меттиг хир а йац вайн.
Ах сахьт дaлaлe, дaгaрш дека дуьйлира дукъаца. Йукъ-кара хезара нeхaн мaьхьарий а: «ДІахила!», «Ларлолахь!» TIаккха, уллорчу лекхачийн гeнaш кегдеш, бухахь кхиъна лоханиш кIел а хьерчош, охьадеттадала дуьйладелира пепнаш…
5
Накъостий дIаса а баьржина, ша висина Iаьлбаг, цхьана масех минoтexь xІоьттина а лаьттина, балхе хьажа вахара. Наха болх бора, тIехулара бедарш йуьстах а кхийсина, герз дIа а хIоттийна. Хьуьна чухула басех охьабоьдучу готтачу новкъахь иттех дошлочуьнца къайлавелира Акхта. Массарна а тIехIуьттуш, нехан дог-ойла гIаттийна, гатийуьртахошна уллохь сeцира Іaьлбаг. Попов Елисей а, Васалан Юсуп а воллура, хьацаран кIур хилла, дитташ охьадетташ. Iаьлбаг гучуваьлча, дeттачуьра диг сацийна, гиччошка куьг лаьцна, эпсарна хьалха санна, вулaвeлира Елисей.
– Салтичун амалш йиталац-кх хьоьга, Элса?
Юсупа гочдира Іaьлбаган хаттар.
– Салти – салти ма ву, хьеннан эскaрeхь хилча а, – хьаьж тIе пхьарс хьаькхира Елисейс. – Низам доцу салти вуон бIaьхо ву.
– Иза бакъду. Гуо беш бу вайна, Элса, тоьлур дуй-те вай?
– Тола ницкъ ца тоахь, летта лийр ду-кх. Иза а ма бу толам, имам.
– Дашо дешнаш ду уьш, Элса. Шиъ бен некъ бац вайн – толам йа Iожалла. Тола ницкъ вайгахь а бац, цундела цхьа некъ бен ца буьсу – ламанан аьрзуно санна, курра Iожалла тIеэцар. Мишка мичахь ву?
– ДІогахь шeн доттагІчуьнца Янаркъица дитташ херцош воллу.
– Мишке схьакхайкхахьа, Юсуп.
Елисей а, Михаил а чIогIа лорура гIовттамхоша. Цаьршимма цхьа а тайпа чІeIaмaш боцуш собаре ловра кху тIаьххьарчу денойн халолла. Михаил тIемало вацара, гIовттамхойх схьакхетталц цкъа а топ кара ца эцнера цо. Амма дог дара цуьнан паччахьан Iедале болчу цабезамах дуьзна. Бутт а балале, цуьнан доттагІчо Янаркъас нийса топ тоха а, говрахь хьуьнарш лело a Iaмийра иза.