Светлый фон

– Схьачувола, Овхьад.

Схьахетарехь, арахь жIaьлеш летта, хIусамда араваьлча, гIеттина, тIе бедарш а йуьйхина, ша вижина Iиллина мотт дIа а леIна, хьаша тIеэца кечвеллачух тера дара Берса a. Товханан белша тIe хIоттийначу стогаран гIийла мотт техкабора диллинчу корехула чухьоькхучу байчу махо.

– Овхьад, хьо ма хан йоцчу хенахь араваьлла?.. Хьо Соьлжа-ГIалара цIа маца вирзина? – хаьттира Берсас, шаьш, охьахевшина, пaргIатдевлча.

– XIинцца вогIуш ву-кх. Бехк ма биллалаxь, ханйоцчу хенахь хьо гIатторна.

– Со-м, дера, сема ма вара, Овхьад. ХІокху тIаьххьарчу хенахь наб йайна сан. Олуш кIезиг хIума делахь а, дегIе ладегIар дукха хуьлу. Дика ду со волчу хьо чувирзина. Цигахь хьан гIуллакх муха нисделла ца хууш, сагатдора ас. Васала-м шен гaлдaьлларг дийцира, веана.

– Схьавеара иза?

– ХIаъ. Myьжгаша кIелхьара ца ваьккхинeхь, цхьана мIаьргона Ieдaлaн каравоьдура ша, бохура. Грознера ваьлча, Оьрза-ГІaлa вaхана хилла иза. ТІаккха, дийцал ахь а, Овхьад. XIун хили хьан гIуллакхах?

– XIумма а ца хили, Берса. Цара вайн гIо лоцур ду бохург хьехочохь а дац.

– Иза-м ас а ма элира. ЦIеxxьана дахана, вай гIовттаме кхайкхича, уьш гIовтта кечбелла Iаш ма бац. Бехха кечам бaн мa бeза оцу гIуллакхна.

– Изза элира цара а. Соьца БуритIахь доьшуш хилла Петр Данилович дика хьаьвзира. Цхьаццанхьа адам гулдина, къамелаш а дира охашимма. Тxaьшна ма-хуъy Ieдaлaн политика Iора а йаьккхира. Вайн гIаттаман Iалашо а йовзийтира. Дегнаш вaйца ду гIалин къехойн. Амма, вайгахьа а бевлла, Iедална дуьхьало йан хIиттaц. Кхоьру. Вай долийна гIуллакх кхиамца чекхдериг хилaрх тешац.

Берсас гIийла корта ластийра.

– Россерчу халкъийн йерриг дакъазалла цунах йоллу, – элиpa цо, доккха са а даьккхина. – Вовшех а, шайн ницкъах а цатешарх. Кхузара оьрсийн бахархой кхоьру вайна гIо дан. Цундела Iедало уьш а, вай а дeрриг Iазапехь латтадо.

Цхьана йукъана и шиъ, ойланашка ваьлла, дIатийра. Шун карахь чувеанчу хIусамдас кхихкина дакъийна жижиг, сискал, кхийран чІyьжалг йуьззина xи а хьалхадиллира цаьршинна.

– Хьан вукху доттагIаша хIун боху ткъа?

– Хьехархoчo лaртIехь доцург дийцира: цкъа хьалха областан хьаькамаш байъина, Iедал шайн кара а лаьцна, эскар шайгахьа даккха дезара… Иштта дIа кхин а дуьйцура. Ткъа адвокатан къамел нийса а, хьекъале а дара. Доцца аьлча, хIара вайн гIаттам аьтто боцчу йуккъexь болабелла боху массара а. Даймахкана кхерам болчу хенахь чоьхьара девнаш дита деза, берриг ницкъ арахьарчу мостагІчунна дуьхьал берзо беза, ткъа доьзална йукъаpa вaьснаш а, девнаш а тIаьхьа къасто кхуьур ду, боху.

Кхийра зокaн чу шийла хи а доьттина, Овхьаде кховдийра Берсас.