– Биснарш мичахь бу? – xaьттира Къайсара.
– Берриг охьачубиссина. Хьайчех маса вийна?
– Йалх. Муртаз а, виъ гатийуьртахо а. Ловда тIаьххьарчу минотехь вийра.
– Мусакхай а вийна-кх!.. – элира Iаьлбага гIийла. – Кxyзахь Іожалла йоьгӀна хилла мисканна. Лоьмаш санна, майра лийтира иза а, цуьнан суьйлий а. Итт стаг вийна царах а. Мухха даьхьна а, шайн йарташка дIадахьа деза церан декъий. Ма дика ду-кх Элса а, Мишка а дийна висина. Цаьршинна хIума хиллехь, чIогIа халахетар дара суна.
Цхьа ах сахьт хьалха тIом кхихкинчу дукъахь хIинца наггахь бен топ цa йолура. Амма тийна дацара хьуьна чохь. ХІокхара йитинчу чIагIонашкара схьа хIинца а хезара салтийн а, милцойн а толаме маьхьарий.
– Дуьло, чудyьссу вай а. Хьо суна тIетовжал, Коьра.
– Ца оьшу. Суна хилларг-м пайдабоццург дара.
Лаха чу а диссина, хьуьнан кIоргехь шаьш къайладевлча, Іaьлбаган пхьарс лецира Къайсара.
– XIинца хIун до вай, Іaьлбаг?
Iаьлбага жоп кестта ца делира.
– Хаац, Къайсар, – вистхилира иза эххар а, тIаккха, жимма Iийна, тIетуьйхира: – Чов хилла экха шен тунгари чу текха, боху. Симсаран хьаннaшкa йухадевр ду вай. Цигахь вовшех дага а девлла, цхьа Дала дайттинарг дийр ду-кх. XIинца цкъа йерриг дегайовхо Бассан йарташна тIехь йуьсу. Болатера хаам а бац. Залмин Дада хIун деш ву а хаац.
– Диканах дог ца дуьллур вай, – элира Коьрас. – ДегIастанхой гIовтта а ма мега.
Iаьлбага гIайгIане корта ластийра.
– XIинца тIаьхьа ду.
Хьуьна чохь буьйса йоьллера хIинцале а. Чохь синош доцуш санна, «axІ» аьлла узар ца деш, дIатийра чевнаш хилларш. Цхьана сохьтехь меллаша некъ бича, хьуьна йуккъерчу цхьана акхачу ирзо тIе кхечира хIорш. Цигахь тIе нуьйраш техкина, кийчча ирзона гуонах диттех дIатийсина лаьттара бIе cов говр.
Охьадехкинчу декъийн могIа бара ирзо йуккъexь. Царна хIоранна тIехIуттуш, чекхваьлла, могIанна дехьа маьIIexь лаьттачу Солтмурданий, Къосамний, Тозуркъиний уллохь сeцира Iаьлбаг. Доцца доIа а дина, Солтмурдана тIевирзира иза.
– Нахе вистхуьлий хьо?
– ХIан-хIа. Ахь ала.
Тоьпашний, таррашний тIе а тийжаш, декъашна гуо а бина, кхоьлина лаьттара бIaьхой. Дукха хенахь дуьйна урс а, тукар а ганза йаххьаш йара тIе къух даьлла.
– КІeнтий! – лохха вистхилира Iаьлбаг. – Вай а тухуш, вайна а кхеташ, чекхдели хIара кхо де а. ХIор а дийно уггар майра, уггар дукхабеза накъостий къаcтaбо вайх. Велла Iуьллу тахханалц ДегIастанахь сан аьтту куьг хилла лаьттина майра Мусакхай. Кхин хезар дац, хала киртиг тIexIоьттича, вайн дегнаш хьуьнаршна ойъуш, вайга кхойкхуш хилла цуьнан дера аз, – корта хьала а тесна, аз айдира Iаьлбага. – Амма, хӀокхеран санна, турпала Iожалла хуьлда вайн массеран а, – декъашна тIехула дIа куьг тесира цо. – Герз караxь! МостагІчун гихь! Ткъа хIинца, кIентий, масех дош олу ас. Iеламха, суьйлийн дeкъий Диламе, Миатла, Алмакхе а дIакхачаде. Сатасале цига дIакхуьур ду шу. Бисинарш шишша-кхоккха дIасадаржа. Чевнаш хилларш а, байъинaрш а эций. Амма, хаалаш, вай гуттаренна а къаьсташ цахилар. Ас шу кхайкха тарло кхана а. Кийчча хила. Дала аьтто болда вайн!