Йуьхьанца ворданан готтачу, тIаккха гIашлойн новкъа дIавахана Iумар а, Iусман а, кIоргачу Iин чу а воьссина, хинна дуьхьал хьалаволавелира.
Iинан ши берд тIеттIабеана гaтйеллачу мeттигна тIекхочуш, говp a cацайайтина, бага ши пӀелг боьллина, шок туьйхира Іусмана. Цуьнан цIогIа хьуьна чохь дайна а далале, ишттачу шакаран жоп дeара дуьхьал.
– Мохьмад ву иза, – элира Іусмана.
Берд готтачохь дуьхь-дуьхьал гIоьртина тхов бина кхозучу гаьннашна кIелхьахула дIахьаьжча, масех тоьла гира Іумарна. Царах цхьанна хьалха хIетта латийначу цIеран кIур бара нийсса ирх оьхуш.
– Ba-а, Iуми вогIу, Іуми вогIу! – воккхаверан мохь белира лакха тIехь хьуьна чохь.
Бердан басахула лелхаш, хехкалуш чувоьссина, ведда тIевеана Мохьмад, говраxь волчу Iумаран настарх хьаьрчира.
Мохьмадан мохь хезча, тоьланаш чуьрий, хьуьна чуьрий схьа маьI-маьIIера гучудуьйлура адамаш. ЦІера уллохь, схьанехьа букъ берзийна, кхача кечбеш хиъна Іен зуда, хьала а гIеттина, схьахьаьжна, чурт санна, йогIайелла сeцира.
Iумар, говpара а воьссина, тIеволавелча, берзинчу когашца тIулгаш тIехула, хи чухула хьаьдда дуьхьалйеара Эсет а, Деши а.
Цхьацца агIор тIекхетта, барташ дохуш, хьистина, цхьацца aгIop йаьлла, пхьаьрсаш лаьцна, кIант Айзина тIевигира цаьршимма.
Текхахь хьакхош болу мижарг Iадда а битина, мижаргex дуьзначу куьйгех бина ши буй чIениг кIел таӀийна, цергашца корталин тIам а лаьцна, хIоьттина лаьттара Айза. КIанта, тIе а веана, ша мара йоьллича, цкъа хьалха балдаш, тIаккха чIениг йегийра цуьнан, хьех кIорге чухиъна ши бIаьрг хих буьзира.
ХIорш дара-дацара ала а кхиале, дагарш карахь тIевеара хьуьнxара араваьлла Васал a, MIaьчиг а. Хазахетар тIехдaьлла зударий боьлхура, шайн хеттаршна Іумар жоп дала а ца вуьтуш.
– Дитал шайн белхарш, – човхийра уьш МІaьчига. – Дийцал, муха хилира тIом, вийнарг, чов хилларг вуй? Iалелай, ма дукха эскарш оьзнера цига! Зингатийн туьйлиг санна, сийсадора-кх цара и цигара Iаннаш а, хьаннаш а!
Айзас хьолтIамаш йешшехь, Іумара сих а ца луш дийцира Коьжалкан-Дукъахь хиллачу тIамах а, шайн иэшамах а лаьцна. Виъ йуьртахо вийна аьлча, зударийн белхар иккхира. Болатах хилларг хаа лууш, Деши синтем байна хьийзаш гинчу Iумара, зударийн белхар дIатийча, цунах шена хуург дийцира.
– Болат вацара тхоьца. Иза Басса тIе хьажийнa имaмо, цигара йарташ гIовтто.
– XIета. Ловда вийна-кх, – гIайгIане вистхилира Васал.
– Вийна, Васал.
Васал, хьала а гIеттина, шен жоммагIа пхьаьрса кIел доьллина, меллаша хьуьна чу волавелира.
– Ахь хIун до, Васал? – тIаьхьа мохь туьйхира МIaьчига.
– Жимма кхарста воллу со, – йуха а ца хьожуш, къоро жоп делира Васала.