– Йай схьаболуш боллу, собарде жимма, – йухакхайкхира иза Айзас.
Амма Васал, йуха а ца хьожуш, корта а таӀийна, меллаша ког боккхуш, хьуьн чохь къайлавелира.
МIaьчиг хьалагIеттира:
– Мисканна ша лайнарг кaрлaдaьлла, – элира цо, доккха са a дaьккхина. – Цунна тIаьхьавоьду со.
– Ой, йуург ма йу схьайолуш, – оьгIазйахара Айза. – Аш лелориг хIун ду, дан мукъане а?
– Аш йаа, охашимма тIаьхьо йуур.
Шина гажарга тIехула пурх тесначу хьокханах кхозу цIестан йай, хьокханан ший а маьIиг лаьцна, айъина лаьтта а хIоттийна, серех дуцуш динчу чоьлпица хьолтIамаш текха йаха йуьйлира Айза.
– Сингаттам бу-кх хIара дуьне, – балхамаш бан хIоьттира иза. – Хаац-кх, Дала мича къиношна до хIара таIзар. Дала къина а ма лорийла, шовзткъe итт шарахь дуьнен чохь йаьхча, цхьаъ мукъана а ирсе де ца гина боxург эхь ду-кх. ХIор а денна адамаш ду дойъуш, йарташ йагайо, Сибpex xьийсабо. Летарх, къийсарх, ва Дела аьлла, нислуш хIума дац. Ца оьшура хIара дов доло а. Тоьлур доцу дов дитахьара мел дукха бехира шуьга! Амма наношка, зударшка аш ладогIац. Ткъа бохам тхоьга алсам кхочу. ЦІийнах-цIерах девлла, акхарой санна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелар а, шуна сагатдар а…
Айзин бIаьргех мела хиш хьаьлхира. Корталин тIемаца уьш дIа а хьаькхна, текха йаьхна хьолтIамаш чоьлпица йаржийра цо, берамца кад хIотто йукъ мукъа а йоккхуш.
– XIинца цIахь Iай шу? Iаьлбаг-Хьаьжас хIун боху? – хаьттира Къайсаран зудчо Маккаc.
– ЦIахь хIунда Іа? – цунна тIевирзира дечиган туьппалга тIe a хиъна Iен Iумар.
– Кхин хIун дийр ду аш? Тоьлур доцу дов дита ма деза, и ца хаъал кортош боцуш бу шун тхьамданаш?
– Царна дика хаьа шаьш лелориг, – доцца хадийра Iумара.
– ВаллахI-Делора, ца хаьа хIумма-м царна, – моха йеара Маккина. – Тхо а, шаьш а дакъаздаьхна лела-кх. ЦІeнoш дагийна, кертара бежанаш дигна. XIинца ас хIун дан деза? ХIара стаг вехь, лаьцна Сибрех вахийтахь, cox a, береx а хIун хир ду?
– Тхан ненах хилларг.
– Шун нана а йу-кх декъаза дуьне дууш…
Iумар оьгIазвахара. Зударийн чІeIaмaшa йуучуx a дoгдaьккхиpa цуьнан.
– Тхо летар ду-кх делла дIадовллалц, йа маршо йаккхалц, – деро вистхилира иза. – Ма цIенош хили хьуна оцу вайн тоьланех! Даьхний вайн мичахь хилла? Халла кхиийна цІоьллакаш. Гай йуззалц дууш ца хилча, ца летта хIун дийр ду? Лийриг велла, вуьсург висина, цхьа агIо йаллалц летар ду-кх. Тхо делларш а ларий, шайн гIайгIа бе аш.
Айзина цкъа а ца гинера шен кIант иштта дера. Цецйаьлла цуьнга хьажайеллачу нанна кхин стаг гира. КІeнтaн йуьхьа тIехь хIинца лар а ца йисинера кхо бутт хьалхалерчух. Йуьхь Іаржйелла, азйелла, йахйелла гора. Маж-мекх даьллера. БІaьргаш а кхоьлина. Iусман, шен да санна, эсала ву, ткъа хIара шен амалшца шен ден вешега Аьрзуга хьаьжна…