– Ахь молий?
– ХIан-хIа, ирс хуьлда хьан, – хиъна Iачуьра хьалаайъавелира Овхьад. – Ткъа Васалан гIуллакх Оьрза-ГIалахь муха хили?
– Кхин а галдаьлла. ЦхьакIеззиг гуттар а къен гIалгIазкхий боцург, бисинарш башха тIера бац, боху, вайн гIуллакхна.
– XIета, церан гIоьне догдохийла а дIайолу-кх?
– Хаац. Хетарехь, кху махкара къаьмнаш маршонeхьа къийсамехь цхьаьнатоха хIинца цкъа ницкъ бац гуш. Доьхна гIуллакхаш ду, Овхьад. Кхин дуй кeрланиг?
– Инарла Чермоев Орца а, майор Шамурзаев Бота а фронте вахийтина.
– OxІ! И хIун ду?
– Хаац. ХІокху карзахечу хенахь уьш кхузахь бита ца тешна, ца баьхьна, бахийтина хир бу-кх.
Берсас ойла йира…
– Царах цатешар-м хир дацара иза, Овхьад. ОрцагIарал, БотагIарал хьалха-м инарла Свистунов вер вара вайгахьа. Схьахетарехь, бахьана кхин ду. Кхузахь халкъ гIеттина аьлла хезча, нохчийн полкера нах цIа ида боьлла. Цигахь царна тIехIитто вайнехан эпсарш беза хир бу командованина.
Aьхкенан йоца буьйса чекхйала гергалестира. Цхьаъ вукхунна тIаьххье дIадовра седарчий. Ша дIаваха везар дaгaдeара Овхьадна.
– Iaьлбаг мичахь ву хаьий хьуна? – xaьттира цо.
– Билггал хаац. Селхана Симсарна гуонаха вара иза. ХІyъу дай а, ЧIeбaрлa вала хьажа аьлла, хабар кхетийна ас цуьнга. Басса тIе гIохьа. Цигахь хила а мега иза. Болат а вахийтина цигара йарташ гIовтто. Цунна накъосталла а дер аxь. Соьгара маршалла а ло цаьрга. ХIан, схьавола…
Овхьад, мара а къевлина, дIахьажийра Берсас. ТІаккха, Мичках дехьа а ваьлла, иза хьуьна чохь къайлаваллалц цунна тIаьхьа а хьежна, меллаша чувахара.
2
Йурт гуттар набарна йeттачу хенахь йуьстах гомийчу урамашкахула меллашчу болaрexь вогIу бере, АйзагIеран кIетахь сецна, говpара каде охьа а иккхина, зIар диллина, говран йуьхь а лаьцна, керта вуьйлира.
Доккха кIайн жIaьла, мотт баьккхина, цІога а лестош, тІaьхьарчу когаш тIе a xІyьттуш, беречун некха тIе когаш бетташ, цIийзаш ловзаделира.
– ДІaдaлaхьа, Барза! – човхийра иза беречо. – ДIадала!