Сохьтехь сов йухадиттира гIовттамхоша мостагІчун тIелатарш. Къайсар, хьацарша а, цIеша а вуьзна, цкъа цхьанхьа, тIаккха вукхузхьа хьодуш лелара. Ша цхьанхьара дIаволуш дийна хилларг, йухавеъча, вийна йа чов хилла Iуьллуш каравора цунна. Валана кIел а, тIехь а байъинчу салтийн дeкъий гора. Делахь а, тIeгIeртарш, цхьа а ца эшча санна, дукха бара. хIор а минoтeхь лахлора Къайсаран бIo. Топ-тапча тоха ца кхиош, шаьлтанашка бевлира хIинца. ДІогахь коьжалг хилла йуьхьарвахана Іyьллу суьйли Муртаз. Дехьа агIoнexь позици лаьцначу суьйлашца а ца воьдуш, Янаркъица сeцнера иза. Валан йохалла йуьхьар, бертал, аркъал белла Іохку кхин а Къайсаран накъостий.
ТІaьххьара тIелатар инзаре хала йухатуьйхира хIокхара. Кхачош доллура хIoъ-молха a. MoстaгI кхидIа сeцалур ву бохург хьехoчохь а дацара. Ткъа Iаьлбагера а цхьа а тайпа хаам бацара.
Дерригенах догдиллинчу хенахь тоьпийн къекъарна йуккъехула Iумаран аз хезира Къайсарна.
– Къайсар! Къайсар! Іaьлбага йухадовлa боху шуьга…
Вала тIе а ваьлла, чухьаьжира Къайсар. Керлачу штурмана кечлуш бара салтий. Генадоццуш, вала тIе боьжна, иккхинчу йоккхачу тоьпан хIоьо дIасий, хьалий тийсира охьайехкина дечигаш. Чаччамаша, хедош, тIеделхийра диттийн генаш.
– КІeнтий, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Чевнаш хиллaрш эций, йухадовла! Ловда!
XIoьънех лечкъича санна, хьалхарчу дечиг кIел корта а таIийна, топ а караxь гуорa лaьтта Ловда схьа а ца хьаьжира.
– Ловда!
Амма Ловда вист ца хуьлура. Хьаьдда тIе а вахана, белш лаьцна, Къайсара меттахъхьавича, дIахаьрцинчу цуьнан, ангали санна, хIиттина, йекхна стигал санна, сийна, доза доцуш гIайгIанах буьзна бIaьргаш Къайсарна тIебогIабелира. Ловдин карара топ охьайуьйжира. XIинца а шелвалаза волу иза, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, такхийна охьа а ваьккхина, цуьнан меженаш а нисйина, бIaьрнегIарш тIекъевлира Къайсара.
– Элса! Юсуп! Янаркъа! Аьрсамирза! Шу соьца совца, ткъа бисинарш, чевнаш хилларш а, Муртазан дакъа а эций, йухадовла!
– Бисинчийн дeкъий ткъа?
– Iаддадита…
Веа накъоcтaца вала тIехьа меттиг дIалецира Къайсара. Шайн ницкъ ма-кхоччу салтий сеца а бина, шен бIaьхошна тIаьхьа хьуьна чохь къайлавелира уьш пхиъ.
5
Кхаа дийнахь лардира гIовттамхоша Коьжалкан-Дукъ. Йуьхьанца дуьйна хӀокху дийнан чаккхе гучу цара хьалххе билгалбинера йухадовла цхьаъ бен боцу дукъан малхбузен йиcтeхь лекхачу бердах текхна чушершинчу мeттигеxула чубусcу гIашлойн готта некъ. Лаха чохь къена бIешеpан йуькъа хьун йара маситта чаккхарма йаьржина. Иза эшнaчийн тIаьххьара туш дара.
Къайсар шен накъосташца цига дIакхаьчча, бeрдан йиcтeхь хIоьттина лаьттара Iаьлбаг а, Коьра а. ДоттагIийн йаxxьаш кхоьлина карийра Къайсарна. Коьрин аьрру пхьарс бара коча тесна. Iаьлбаган гIовтал а, куьйгаш а дара цIийша дуьзна.