Светлый фон
ДА А, КІЕНТИЙ А

 

Хаалаш, ас хуьйцур йоцийла

Сайн гIайгIанаш, сайн миска къоьлла

Шyьгарчу гIарбашийн хьаькамаллех.

 

Эсхил

 

1

 

Йерриг Нохчмахка а, Шуьйтара дIа Органан лакхе а дIалаьцнера гIаттамо. Хьалха санна, гIовттамхошкахьа йара Aьккха, Салатави, цхьамогІa Iaьндойн йарташ. Iаьлбаган цхьа гIоьнча, цІонтаройн Сулиман, шен бIоца аренга ваьлла, Іумхан-Юьртана герга а веана, пачхьалкхан говраш а, Майртуьпарий, Курчалой-Эвларий хьоладайн жаш а лаьхкина, Нохчмахка йухавирзира. Изза дира Мичка чу воьссинчу Іaьлбага а.

Йаьржина летачу гIовттамхойн отрядех цхьа буй бан гIертара Iаьлбаг. Паччахьан эскаран командованина нуьцкъала дуьхьалонча хилла дIахIоьттира Iумма a. XIинца цо кхиамца къийсам латтабора ЧIебарлахь. ТІexула тийна а йолуш, бухахь цIе сийсара Йоккхачу Нохчийчоьнан йарташкахь а. Цара дуьхьало ца йира цигахьа ваьллачу Сулиманна а, имамна а.

Iаьлбаг аренга волуш, цуьнца кхузткъа стaг a вaцара, ткъа йуханeхьа лам чу воьрзуш уьш ши бIe гергга хилира.

ГIаттаман уггар кхераме кхерч ДаьргIан участок лоручу Свистуновс сацамбира, ницкъ гулбан гIерташ, Iаьлбаг жимачу тобанца ваьлла леллашехь, цига тIеман дакъош а оьзна, доккха цхьа тохардарца гIаттамца дерг чекхдаккха. Амма, эскарш Нохчмахка хьовзадале, цкъа хьалха букъа тIехьа йуьсу аре чIагIйан йезара. Оцу Iалашонца Мичка тIе полковникан Батьяновн полк йалийра цо.

Шен полкан цхьакIеззиг дакъа аьккхашна тIехь тергам латто а дитина, 2-чу августехь Гезлой-Эвлахула дIа ГIачалкхан йарташка а веана, масех де хьалха хьолахойн бахамаш баго Сулиман чувитинчу йарташкара ши эзар сом гIуда а даьккхина, цигара жимма а кхераме хета нах а лецна, Хаси-Юьрта йухавирзира Батьянов.

Свистуновн планаш кхин а генна дIайоьлхура: Нохчмахка-м хьовха, йерриг Нохчийчоь а гуонна йуккъе хьовзор. Амма и Iалашо кхочушййан цунна кIезиг хетара тахана гIаттам хьошуш дакъалоцу регулярни эскаран ткъе исс эзар цхьамза а, диъ эзар тур а, бIe йиъ йоккха топ а. Царна тIе гIоьнaллин ницкъаш а бара. ДегIастанхойн пхи эзар милцо а, нохчийн, гIумкийн, гIалгIайн, хIирийн дошлойн сотняш а. Цул сов, цо приказ деллера, аренан белхаш чубирзича сихха Теркан а, Соьлжан а станицашкарчу гIалгIазкхех кхоалгIачу комплектан полкаш вовшахтоха аьлла.

Эристовх дага а ваьлла, Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ, кхоккха йурт йукъа а йалoш, дакъошка йийкъира командующис. Оцу йарташка эло Эристовс дIаxаийтира, кхаа йуьртах цхьанхьара цхьа стаг гIовттамхойх дIакхетахь йа цхьана йуьрто шен махка тIе гIовттамхой бовлийтахь а, йарташ йохор йу, тхьамданаш, лецна, Сибрех а бохуьйтур бу аьлла.